Online Bible

- Reklamy -

Дауд 17 - Делан Йозанаш

1 Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гӀаьттина, со кху буьйсанна Даудана тӀаьхьавер ву.

2 Иза гӀел а велла, цуьнан гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа, со цунна тӀелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дӀагӀур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац.

3 Аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дӀадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Ӏийр ду».

4 Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чӀогӀа дезаделира.


Хьушайс дина долу хьехар

5 Абушалама элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайга схьакхайкха. Цо хӀун олу хьовсур ду вай».

6 Хьушай Абушалам волчу веара. Абушалама цуьнга элира: «Ахьи-Тупала дина долу хьехар иштта ду. Цо аьлларг дан дезий вай? Нагахь санна хьо реза вацахь, хьайна хетарг ала».

7 Хьушайс Абушаламе элира: «Ахьи-Тупала хӀинца дина долу хьехар дика дац.

8 Хьуна хьайн да а вевза, цуьнан нах а бевза. Уьш майра а бу, шен кӀорнех яьккхина йолу нана-ча санна, дера а бу. Хьан да майра стаг ву. Иза шеца болчу нахаца буьйса йоккхуш Ӏийр вац.

9 Иза хӀинца, цхьана хьеха чохь я кхечу меттехь къайлаваьлла Ӏаш хир ву. Нагахь санна хьан да хьоьца болчарна хьалха тӀелатахь, и хӀума хезна болчу нахана дагадогӀур ду: „Абушаламна тӀаьхьахӀиттинарш эшийна!“ – аьлла.

10 ТӀаккха, лом санна, майра берш а дог эшна дӀахӀуьттур бу, хӀунда аьлча дерриг а Исраилан халкъана хууш ду, хьан да чӀогӀа майра тӀемало вуйла а, цуьнца берш доьналла долуш буйла а.

11 Цундела аса хьехар до хьуна: дерриг а Исраилан халкъ Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц хьо волчу схьагулдалийта. Адам, хӀордан йистера гӀум санна, дукха хир ду. ТӀаккха ахьа, хьо хьалха а ваьлла, уьш тӀамтӀе бига беза.

12 Цул тӀаьхьа вай Даудана тӀелетар ду, иза миччахь велахь а. Вай цунна тӀелетар ду, Ӏуьйранлера тхи лаьтта тӀе ма-дожжара. Я иза а, я цуьнца волу цхьа а стаг а вуьсур вац дийна.

13 Нагахь санна иза цхьана гӀала дӀаводахь, массо а исраилхоша и гӀала йолчу метте машшаш схьадахьар ду. Вай оцу гӀалин пенаш тогӀи чу такхор ду, тӀаккха цу гӀалех цхьа а тӀулг буьсур бац».

14 Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тӀе бохам баийтархьама.


Хьушайс динчу хьехаро Даудан цӀа кӀелхьардоккху

15 Динан дай болчу ЦӀадукъе а, Абу-ЯтӀарига а Хьушайс элира: «Иштта хьехар дира Ахьи-Тупала Абушаламна а, Исраилан къаношна а, ткъа аса царна кхин тайпа хьехар дира.

16 Ткъа хӀинца, Дауд волчу нах а бахийтий, цуьнга алийта: „Тховса яьссачу аренгахь йолчу хил дехьа волийла йолчохь а ца Ӏаш, цу хил дехьа а валий, цигара дӀавала, хӀунда аьлча паччахь а, цуьнца болу нах а тховса хӀаллакбаран кхерам бу“».

17 Динан ден кӀентий ЯхӀуната а, АхьимаӀац а Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьоста йистехь лаьтташ вара. ГӀалина чуволийла дацара цу шиннан, иза царна кхераме хиларна, цундела зуда-ялхочо, яха а яхана, цаьрга и шадерг а дӀадийцира, ткъа цу шиммо Дауде хаам бира.

18 Амма и шиъ гина волчу, цхьана кхиъна вогӀучу кӀанта Абушаламе хаам бира. Цигара сихха дӀа а вахана, и шиъ Бахьрумехь вехаш волу цхьа стаг волчу веара. Цу стеган кертахь яьккхина гӀу яра. И шиъ цу чу воьссира.

19 Цу кертарчу зудчо, шаршу схьа а эцна, и цу гӀуна тӀе тесира, ткъа шаршуна тӀе ялтин буьртигаш тийсира, цхьа а шек ца валийта.

20 Абушаламан тӀемалоша, цу зудчун цӀа а баьхкина, цуьнга хаьттира: «Мичахь ву ЯхӀунатий, АхьимаӀацций?» Зудчо цаьрга элира: «Уьш, хил дехьа а бевлла, дӀабахара». Лехначул тӀаьхьа, уьш шайна кара ца бича, ялхой Ярушалайме дӀабахара.

21 Уьш дӀабаханчул тӀаьхьа ЯхӀунатий, АхьимаӀацций, гӀуна чуьра ара а ваьлла, Дауде хаам бан вахара. Цара Дауде элира: «Сихха хил дехьа а довлий, дӀагӀо. Ахьи-Тупала хьуна дуьхьал иштта хьехар дина».

22 Дауд а, цуьнца хилла болу нах а Йордан-хил дехьабевлира. Сахуьллучу хенахь хил дехьа валаза цхьа а стаг ца висира.

23 Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тӀе нуьйр а тиллина, иза ша Ӏийначу гӀала дӀавахара. Шен тӀаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тӀаьхьа иза шен ден коша чу дӀавоьллира.


Дауд Махьанаймехь хилар

24 Дауд Махьанайме схьавеара, ткъа Абушалам, массо а исраилхо шеца цхьаьна а волуш, Йордан-хил дехьавелира.

25 Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Ӏамасаъ дӀахӀоттийнера. Ӏамасаъ Исраилара ИтӀар цӀе йолчу цхьана стеган кӀант вара. ИтӀаран нана АбигӀал яра. Иза Нахьашан йоӀ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра.

26 Абушалама, шеца дерриг а Исраилан халкъ цхьаьна а долуш, галӀадхойн лаьтта тӀехь шен меттамотт дӀахӀоттийра.

27 Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Ӏамминхойн Рабба-гӀалара волчу вахархочун Нахьашан кӀанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Ӏамиалан кӀанта Макира а, РогӀлаймарчу галӀадхочо Барзалайс а

28 цхьаболу мотт-гӀайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегӀаш а еара. Цара иштта кӀа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а,

29 моз а, даьтта а, уьстагӀий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кӀалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гӀел а делла, мац а делла, хьаг а делла».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy