Дауд 10 - Делан ЙозанашДауда Ӏамминхой а, арамхой а эшор ( 1 Шерашкахь 19:1-19 ) 1 Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни. 2 Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан. Даудан ялхой Ӏамминхойн махка бахара. 3 Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе догъоьцурш? Дауда шен ялхой бахкийтина, хьан гӀалахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза йохо дагахь». 4 Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хӀораннан а ах маж дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира. 5 Иза шена дӀахезча, Дауда шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц, Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», – аьлла. 6 Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гӀашло волу арамхо лецира. МаӀхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТӀобера шийтта эзар стаг лецира. 7 Шена иза хиъча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш. 8 Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла дӀахӀиттира. Ткъа Цобера а, Байт-Рахьубера а арамхой, иштта ТӀобера а, МаӀхера а нах шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара. 9 МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира. 10 Кхиболу эскархой цо шен вешига Абушайга дӀабелира Ӏамминхошна дуьхьалбаха. 11 Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду. 12 Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду». 13 Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара. 14 Ӏамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гӀала дӀабахара. Ӏамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара. 15 Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дӀахӀоттийра. 16 ХӀадад-Ӏезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Ӏаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира. 17 И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тӀе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дӀахӀиттира. Уьш вовшех летира. 18 Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ бӀе хӀаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира. 19 ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Ӏамминхошна гӀо дан кхин ца хӀуттура. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia