Аюб 8 - Делан Йозанаш1 ТӀаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира: 2 «Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел? Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду. 3 Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? 4 Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь, и къинош бахьана долуш Цо таӀзар до царна. 5 Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь, нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь, 6 хьо билггал дика а, догцӀена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогӀу хӀусам Цо тойийр ю. 7 Хьан долахь хилларг кӀезиг хетар ду, хьан хинболу бахам алсам хир болу дела. 8 Хьайн дайшка хатта, царна гинчух лаьцна ойла е. 9 Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хӀумма а ца хаьа, дуьнен тӀехь долу тхан дахар, ӀиндагӀ санна, сихло. 10 Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга, шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду: 11 „Уьшал йоцучохь шач тӀейолий? Хи доцучохь эрз тӀеболий? 12 Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дӀалакъийча, вукху бецал а хьалха маргӀалбоьлла дӀахӀуттур бу. 13 Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хӀаллакьхир ю Ӏесачеран сатуьйсийла. 14 Цуьнан сатуьйсийла ледара ду, цуьнан тӀетовжийла гезгамаша бу. 15 Шен цӀенна тӀе тевжар ву иза, амма латталур вац, цо схьалоцур ду иза, амма иза хӀотталур вац“. 16 Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву, цуьнан зӀийдагаш ерриг а бешахула дӀаса а хецна. 17 Цуьнан орамаш тӀулгех дӀатийсалуш ду, жагӀанна юккъехула дӀаса а даьржаш. 18 Амма и орамат ша хьалха тӀедолуш хиллачуьра схьадаьккхича, и тӀедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду. Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“ 19 Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар, ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тӀедовлу. 20 Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу, вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до. 21 Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар, Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а. 22 Хьо ца везарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, иштта Ӏесачеран четарш а кхин хир дац». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia