Аюб 7 - Делан Йозанаш1 Аюба элира: «Адамо дуьнен тӀехь чӀогӀа къахьега дезаш ду. Цуьнан дахар тӀелаьцначу белхалочун санна ду. 2 Стаг, суьйренан ӀиндагӀах хьоьгуш волу лай санна ву, иза иштта алапе сатесна волу белхало санна а ву. 3 Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду, гӀайгӀанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю. 4 ДӀавуьжучу хенахь ас ойла йо: „Маца гӀоттур ву те со хьала?“ Ткъа буьйса яхло, малх схьакхетталц дӀасакерчаш Ӏуьллу со. 5 Сан дегӀ кӀомарех а, нӀаьнех а хьаладуьзна, дегӀа тӀера чкъор эттӀа, ткъа цу чевнашна ноткъа йина. 6 Сан денош кӀади деш йолчу чорха тӀехь дӀасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тӀехлелха, сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу. 7 Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла, сан бӀаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла. 8 Со хӀинцца гинчу бӀаьргашна а со кхин гур вац. Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац. 9 Марха, нилха а йолий, дӀайоьду, иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогӀу. 10 Иза цкъа а ша дитинчу цӀа чу юхавоьрзур вац, цуьнан цӀенна а иза кхин вевзар вац. 11 Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац – аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду, сайгахь болу бала а дӀабуьйцур бу. 12 Со хӀорд бу те я хӀордан саьрмик бу те, Ахьа со ларван гӀарол хӀотто? 13 „Суна биллинчу матто суна синтем бийр бу, сан аьрзнех маьнгано суна гӀоле йийр ю“, – аьлла, аса ойла йича, 14 Ахьа со инзаречу гӀенашца кхераво, буьйсанан суьрташца со Ӏадийна латтаво. 15 Цундела со садукъдина валар гӀоле яра, хӀокху сайн дегӀа чохь со вехачул. 16 Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хӀунда аьлча сан дахар эрна ду. 17 ХӀунда хадабо Ахьа адаман сел лакхара мах? Ахь иза леррина тергал хӀунда веш ву? 18 ХӀунда вогӀу Хьо и волчу хӀора Ӏуьйранна? ХӀунда зоь Ахьа иза мел волчу хенахь? 19 Суна тӀера бӀаьрг Ахьа дӀа хӀунда ца боккху? Цхьанна а ханна Ахьа со-со хӀунда ца вуьту? 20 Адамаш ва тергал дийриг! Ас къа латийнехьара, Хьуна хӀун зен дийр дара ас? ХӀунда хӀоьттина со Хьан Ӏалашо хилла дӀа? Ахь дӀакхехьа беза мохь сох хиллий те? 21 Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хӀунда ца до? Сан зуламна къинтӀера хӀунда ца волу Хьо? Со кестта ченалахь Ӏуьллур ма ву. Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia