Аюб 5 - Делан Йозанаш1 «Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду? Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гӀо доьхур ду? 2 Карзахвийларо сонтаниг войур ву, хьегаро хьекъал доцург хӀаллаквийр ву. 3 Ӏовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна, амма сихха цуьнан цӀенна неӀалт кхайкхийна ас. 4 Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду. Нагахь гӀалин кевнна уллохь цаьрца стаг кхеле валахь, царна гӀо дан цхьа а вац. 5 Цуьнан ялта мецачо дӀакхоллур ду, цо иза ур-атталла коканех а цӀандийр ду, ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу. 6 Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац, ткъа бохам кха тӀехь хьалаболуш а бац. 7 ЦӀеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду. 8 Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тӀе воьрзур вара, сайн гӀуллакх аса Цунна хьалха дӀахӀоттор дара. 9 Даккхий ду Цуьнан гӀуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дагардина а вер вац. 10 Цо лаьтта тӀе догӀа а доуьйту, кхаш тӀе хи а дуьллу. 11 Шаьш кӀезиг хеташ берш Цо лакхабоху, тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху. 12 Цо хӀилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама. 13 Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу, мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту. 14 Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела. 15 Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кӀелхьарвоккху, мисканиг церан бетера догӀучу туьрах Цо ларво. 16 Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю, ткъа харцоно шен бага дӀачӀагӀйо. 17 Декъала ву Дала нисво стаг. Нуьцкъалчун таӀзар дегаза ма хета, 18 хӀунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дӀа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до. 19 Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац. 20 Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву, тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву. 21 Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву, бохам хьайна тӀебеача, цунах хьо кхера ца веза. 22 ХӀаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву, акхаройх а хьо кхоьрур вац. 23 Аренгахь долчу тӀулгашца а хьан барт хир бу, акхарой а хир ю хьоьца машарехь. 24 Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла, ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хӀума хир доцийла. 25 Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар, хьайн тӀаьхьенах берш аренгара буц санна хилар. 26 Къанвелча бен хьуна Ӏожалла гур яц, ялтин цӀевнаш шен хеннахь дӀа-ма-хӀиттора. 27 И хӀума тхуна иштта хир дуйла хиъна, цундела, тхоьга ла а догӀий, хӀара хьехар дӀаэца». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia