Аюб 40 - Делан Йозанаш1 Везачу Эло Аюбе, дарцана юккъера схьа вист а хилла, элира: 2 «Хьайн гӀодаюкъ, къонахчо санна, дӀаехка: Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло. 3 Хьо Сан кхел яр харцдан воллу, хьо бехказавалархьама, Со бехке а веш? 4 Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг, Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй? 5 ТӀаккха возаллица а, юьхькӀамца а хазло, иштта сий а, исбаьхьалла а хьайна тӀедуха. 6 Хьайн чӀогӀа йолу дералла дӀа а хеца, курачуьнга дӀа а хьажий, иза охьатаӀаве. 7 Массо а курачаьрга дӀа а хьажий, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабе, шаьш мел лаьттачу меттигашкахь Ӏеса нах дӀа а хьаша. 8 Уьш лаьттах а бохкий, боданечу эхарта чу йийсаре дӀабига. 9 ТӀаккха Ас-Айса хьуна хьалха даре дийр ду хьан аьтту куьйго хьо кӀелхьарвоккхург хилар. 10 ХӀинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса. И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду. Цо буц йоу, стеро санна. 11 Шен гӀогӀашкахь ма ницкъ болуш ю иза! Цуьнан гайна тӀехь долу пхенаш ма чӀогӀа ду! 12 Цуьнан цӀога, баганан дитт санна, чӀогӀа ду, ткъа пхенаш цуьнан хенаш тӀехь вовшахъхьирчина ду. 13 Цуьнан когийн даьӀахкаш цӀестан турбанаш санна ю, цуьнан пӀендарш аьчка гӀожмаш санна ду. 14 Иза Аса кхоьллинчарна юкъахь уггар ницкъ болуш ю. Сайн туьраца иза кхоьллинчу Соьга бен иза эшалур яц. 15 Цунна лаьмнаша ло кхача, циггахь ловзуш лелаш ду аренан акхарой. 16 Коканийн коьллашна кӀел Ӏуьллу иза, уьшалийн шач юкъахь дӀалечкъа. 17 Оцу коьллаша шайн ӀиндагӀа кӀел иза дӀалачкъайо, хина йистерачу дак-дитташа цунна го бо. 18 Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка. Йордан-хи шен бета тӀе деача а, иза синтемехь ю. 19 Цуьнан бӀаьргашна хьалха а хӀоьттина, цуьнан мерах мӀара хьаьнга чекхбаккхалур бара? 20 МӀераца Левиятан цӀе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга, муьшаца оцу саьрмикан мотт дӀабехкалур барий? 21 Цуьнан мерӀуьргахула тӀийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга, я мехаца мочхалх Ӏуьрг даккхалур дарий? 22 Цо хьоьга юх-юха а дехарш дийр дуй те? Иза хьоьга эсалчу дешнашца бистхир буй те? 23 Гуттаренна а хьан лай хила, цо хьоьца барт бийр буй те? 24 Олхазарца санна, цуьнца ловзуш хир ву хьо? Хьайн гӀарбашийн дуьхьа иза дӀабоьхкур бу ахь? 25 ЧӀерийлецархоша, хьоьца мах а бийцина, хьоьгара оьцур бу иза? Цара, нахана дӀабохкийтархьама, совдегаршна юкъахь боькъур бу иза? 26 Цуьнан цӀока хьоьга гоьмукъех юзалур ярий я цуьнан коьртах чаьнчакх чекхъяккхалур ярий? 27 Нагахь санна хьайн куьг цунна тӀе ахь диллахь, и тӀом хьуна, иштта кхин ца леллал, дага боуьйтур а бу». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia