Online Bible

- Reklamy -

Аюб 39 - Делан Йозанаш

1 «Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан, сено кӀорнеш еш гиний хьуна?

2 Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кӀорнеш кийрахь лелайо? Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза?

3 Шайн кӀорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьӀа, иштта шайн кӀорнеш дуьнен чу йоху.

4 Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий, тӀаккха, кхин цкъа а юха ца догӀуш, дӀадоьлху.

5 ПаргӀатоне кхача хьан дӀахецна акха вир, цунна тӀера буржал хьан дӀадаьккхина?

6 Ас эрначу аренах цуьнан цӀа дина, дуьрачу аренах цуьнан хӀусам йина.

7 Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гӀалин гӀовгӀанах, цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш.

8 Гунаш тӀехула йолалой, шена юург лоху цо, баьццара мел йолчу хӀуманна тӀаьхьаяьлла лела иза.

9 Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана, буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь?

10 Хершнаш даха муьшаца хьоьга дӀабехкалур буй акха сту, хьуна тӀаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тӀехь?

11 Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Ӏийр вуй хьо? ЧӀогӀа къахьегар цунна тӀедилла ваьхьар вуй хьо?

12 Цуьнга ялта схьа а гулдайтина, хьаьтта схьадаийта ваьхьар вуй хьо?

13 Страус олучу олхазаран тӀемаш сакъерадаларца дӀасадеттало, амма чӀерийдохурган месашца уьш дусталур дац.

14 Страусо шен хӀоаш лаьтта тӀехь дуьту, уьш гӀамар тӀехь дохдалийта.

15 Цунна дага ца догӀу царна тӀе цхьаммо ког боккхург хилар а, я акхароша уьш дохорг хилар а.

16 Страус къиза ду шен кӀорнешца, цунна уьш хийра долуш санна хета, шен къахьегар эрна хиларх а ца кхоьру иза.

17 Ас хьекъалалла цунах генадаьккхина, иштта цунна кхетам а ца белла.

18 Амма ша дада дагахь хьалаайделча, иза беречух а, говрах а доьлу.

19 Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ? Цуьнан вортана ахьа йина те кхес?

20 Ахьа и говр, цӀоз санна, кхийсайолуьйту те, ша чӀогӀа хур дарца адам кхера а деш?

21 Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу. Иза шен ницкъ ма-хуьллу тӀамтӀе хьаьдда йоьду.

22 Иза кхерамах йоьлуш хуьлу, цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу, ткъа туьрах иза дӀа ца къехка.

23 Ӏад-ботт ду цуьнан агӀонна тӀехь декаш, къегаш ду гоьмукъ а, цамза а,

24 шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта, ткъа, коьман маӀан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало.

25 Шена коьман маӀан аз хезча, говр терса, геннара хаало цунна тӀом болу меттиг а, тӀемалойн хьаькамийн аз а, тӀеман цӀогӀа а.

26 Хьан хьекъалаллица лела те куьйра, шен тӀемаш къилбехьарчу мохана дуьхьал а дерзийна?

27 Ахьа аьлла те аьрзуне стигала лакха хьалаяала, лекхачу лаьмнашкахь шен бен а бе?

28 Тархашна юкъахь цо буьйса йоккху, ирачу тархех цо шен гӀап а йо.

29 Цигара шена ижу лоху цо, хӀума яархьама. Геннара схьахьоьжу цуьнан бӀаьргаш а.

30 Цуьнан кӀорнеша цӀий молу, байинчеран декъий долчохь а иза хуьлу».

31 ТӀаккха Веза Эла кхин а вистхилира Аюбе:

32 «Нуьцкъалчуьнца къуьйсуш волчо Иза нисвийр вуй те? Дела бехке вечо жоп лойла Цунна!»


Аюб

33 Юха Аюба Везачу Элана жоп делира:

34 «Со хьакъ вац – Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со? Сайн юьхь тӀе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама.

35 Юх-юха а со вистхуьлуш велахь а, сан кхин жоп а дац, кхин хӀумма а ас дуьйцур дац».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy