Online Bible

- Reklamy -

Аюб 38 - Делан Йозанаш


Везачу Эло Аюбана жоп далар

1 ЭлихӀу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла.


Веза Эла

2 «Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву?

3 ДӀаехка хьайн гӀодаюкъ, къонахчо ма-еххкара: Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло.

4 Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дӀахӀоттош? Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хӀуманна тӀекхиънехь.

5 Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза! Мила ву цунна тӀехула дустаран тӀийраг дӀасаяржийнарг?

6 Стенна тӀе хӀоттийна дуьненан бух, хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тӀулг,

7 дерриг а Ӏуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь, стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь?

8 Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хӀордана хьалхара кевнаш дӀа хьан къевлина?

9 Ас, духар санна, цунна тӀе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дӀа а хьарчош.

10 Ас иштта хӀордана доза а къастийра, цунна хьалха догӀа тухуш йолу кевнан неӀарш а хӀиттош.

11 Ас цуьнга элира: „ХӀокху метте кхаччалц схьабогӀур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгӀенийн“.

12 Хьан дахарехь ахьа цкъа а Ӏуьйренна омра диний, я Ӏуьйренан цӀийяларна цуьнан меттиг дӀахӀоттийний?

13 Ахь сатасарна шен йистошца латта дӀа а лоций, цунна тӀера Ӏесанаш охьакхисса аьлла, тӀедожийний?

14 Ӏуьйренан цӀийяларехь дерриг а латта, мухӀарна бухахь поппар санна, хийцало, лаьттан лакхенаш а, кӀоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дӀахӀуьтту.

15 Сатасаро Ӏесачу нахана безаш болу бода дӀалоцу, иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.

16 Хьо кхаьчний хӀорд схьаболучу меттигашка? Хьо леллий, кӀоргачу хийн къайленаш а толлуш?

17 Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна? Эхартан кевнаш гиний хьуна?

18 Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна? Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.

19 Серло ехачу метте муха кхочур ву, мичахь ду бода чохь Ӏаш долу цӀа?

20 Уьш хила безачу метте дӀабигалур буй хьоьга? Шайн хӀусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна?

21 Хьуна иза хууш хир ду-кх, хӀунда аьлча хьо и хан тӀекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа? Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа?

22 Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,

23 Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц.

24 Муха кхача веза шена тӀера стелахаьштигаш дӀасаяьржаш йолчу меттиге я малхбалехьара мох лаьтта тӀехула дӀасадаьржаш йолчу меттиге?

25 Хьан доху стигалахь догӀанна некъаш, иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш,

26 цаьрга даьссачу лаьтта тӀе а, адам доцучу аренна тӀе а догӀа даийта,

27 эрна а, яьсса а аре хих Ӏаборхьама а, бецашка зӀийдагаш тасийтархьама а?

28 Вуй ткъа догӀанан да? Хьан деш ду тхин тӀадамаш?

29 Хьенан кийрара араболуш бу ша, ткъа стигалара йис хьан йо?

30 Хиш а, тӀулг санна, чӀагӀ а лой, дӀахӀуьтту, хӀорд а тӀехулара чӀагӀло.

31 ВорхӀ Седа цӀе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй? Орион цӀе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй?

32 Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам, иштта Нана-ча а, Чен кӀорнеш а цӀе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан?

33 Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю? Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга?

34 Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга, цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш?

35 Ткъесаш ахьа аьллачу метте дӀагӀур дуй, эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“?

36 Мархашна хьекъалалла хьан делла, дохк муха хила деза, хьан кхетам белла?

37 Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а, уьш агӀор а яьхна, догӀа даийттал ницкъ болуш а,

38 цул тӀаьхьа ченах хатт а хилла, цу лаьттах гӀорзанаш еш верг?

39 Хьо ижуна тӀаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа, мацделла лелачу цуьнан кӀорнеш юзорхьама,

40 уьш шайн бен чохь дӀатебна Ӏачу хенахь я уьш коьллаш юккъехь кӀело йина Ӏачу хенахь?

41 Хьан кечйо хьаргӀанна юург, цуьнан кӀорнеш Деле кхойкхуш, юург ца карош лелачу хенахь?»

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy