Online Bible

- Reklamy -

Аюб 37 - Делан Йозанаш

1 «Цу бахьанина сан дог дегош ду, меттах а даьлла, сан дог деттало.

2 ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе, ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.

3 Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.

4 ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо. Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.

5 Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо.

6 Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“, догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“

7 ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо, массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама.

8 Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий, шайн баннаш чохь совцу.

9 Къилбехьара йилбазмох хьоькху, къилбаседехьара шело кхочу.

10 Шен садеӀарца Дала ша бойту, тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту.

11 ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу, цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.

12 Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю, дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш.

13 Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду, я лаьттана таӀзар дархьама, я нахана Шен безам гайтархьама.

14 Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб. ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа.

15 Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до, Цо ткъес муха къогуьйту?

16 Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало? Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш.

17 Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту, къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича.

18 Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо, заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна, иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш?

19 Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг. Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза, тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду.

20 Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те? Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те?

21 Леррина малхе хьажа йиш яц, стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина, иза стигалахь сов къегаш хилча.

22 Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу, Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.

23 Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан. Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина, Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю. Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо.

24 Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу, амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy