Online Bible

- Reklamy -

Аюб 35 - Делан Йозанаш

1 ЭлихӀус кхин а дӀа дира шен къамел:

2 «„Далла хьалха со бакъонна тӀехь лаьтта“, – аьлла, дийцар нийса хетий хьуна?

3 Ахьа боху: „Суна хӀун пайда бу? Аса къинош ца летийча а, хӀун пайда бу?“

4 Суна луур дара хьуна а, хьан доттагӀашна а жоп дала.

5 Стигала хьалахьажа, гуш хила! Лакхахь йолчу мархийн тидам бе!

6 Ахьа къа латийча, Далла хӀун ду? Ахьа хьайн вонаш алсамдаьхча, Цунна хӀун ду иза?

7 Хьо нийса лелча, Цунна хӀун ло ахьа? ХӀун кхочу Цунна хьан карара?

8 Хьан Ӏесалла хьо санна долчу адамех бен ца хьакхало, ткъа хьан нийсо хьо санна волчу стагах бен ца хьакхало.

9 Дуккха а йолу гӀелонаш ловчу адамаша орца доккху, ницкъболчийн куьйгаш кӀелара схьахезаш ду церан узарш.

10 Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела, буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг,

11 лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг, стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“

12 Везачу Эло жоп ца ло орца доккхуш болчарна, вочу нехан кура дегнаш бахьана долуш.

13 Эрна ду иза – Дала оцуьнга ла ца дугӀу, Нуьцкъалчу Далла и орца даккхар гуш дац.

14 Дала мел кӀезиг ладугӀур ду хьоьга, Иза хьайна ца го ахь баьхча, хьайн гӀуллакх Цунна хьалха ду, Цуьнга хьежа деза ахь баьхча.

15 Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош летош берш таӀзар ца деш буьту, церан къинош Шена ца гуш санна.

16 Аюба къамелаш дан шен бага еллар эрна ду. Кхетам боцуш, цо дешнаш дуьйцуш а ду».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy