Online Bible

- Reklamy -

Аюб 34 - Делан Йозанаш

1 ТӀаккха ЭлихӀус шен къамел кхидӀа а дира:

2 «ЛадогӀа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга, шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш,

3 хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо, матто юучу хӀуманан чам къастош санна.

4 Талла а теллина, ваьшна нийса хӀун ду къастор вай, вайна юкъахь диканиг хӀун ду девзар вайна.

5 Аюба элира: „Со нийса ву, амма Дала сан гӀуллакх кхеле ца диллира.

6 Со нийса велахь а, харц лоруш ву со. Сан бехк боццушехь, суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“.

7 Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг? Цо Деле кхардаме хӀуманаш, хи молуш санна, дуьйцу,

8 иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела, цуьнан некъаш Ӏесачеран некъех дӀакхетта.

9 ХӀунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац, Далла тамехь хила иза гӀерташ хилча!“

10 Кхетам берш, ладогӀа соьга! Дала харцдерг лело йиш яц, Ницкъболчо зулам лело а йиш яц.

11 Цо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург, хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо.

12 Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до, Ницкъболчо харцкхел а ца йо.

13 Хьан хӀоттийна Иза дуьненна Ӏуналла дан? Мила ву дерриг а дуьненна тӀехь куьйгалла деш верг?

14 Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеӀар а Цо юхадаьккхича,

15 эццахь дуьнен тӀехь мел долу адам, хӀаллак а хилла, чан хилла дӀахӀуттур дара.

16 Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь, со а хезаш, ас бохучуьнга ладогӀа.

17 Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй? Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан?

18 Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо – сий доцург ву“, Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу – Ӏесанаш ду“.

19 Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.

20 ЦӀеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле. Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дӀакхелха. ПӀелг тӀе пӀелг а тоьхна, Цо ницкъберш дӀалохку.

21 Везачу Элан бӀаьргаш адаман некъаш тӀехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го.

22 Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг, харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш.

23 Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу, иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама.

24 Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший, церан метта кхинаш дӀахӀиттабо,

25 хӀунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гӀуллакхаш. Буьйсанна царна тӀехь толам а боккхий, уьш дӀахьоьшу Цо.

26 Ӏесачу нахана санна, царна таӀзар до Дала, массо а нахана уьш гуш болчу меттехь,

27 Шена тӀаьхьахӀиттинчуьра уьш дӀабирзина дела а, Шен некъийн цара тидам ца бина дела а.

28 Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду, ткъа гӀело хьоьгучеран узарш а Цунна дӀахезаш ду.

29 Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу? Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву? Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,

30 диндоцу стаг паччахь вина дӀа а ца хӀоттийна, нахана кӀело йиначуьнга царна тӀехь куьйгалла ца дайта.

31 Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву, хӀинца чул тӀаьхьа ас къинош летор дац.

32 Суна ца хууш дерг Ахь суна Ӏамадехьа? Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“.

33 Дала деш дерг ахь дӀатоттучу хенахь таӀзар даза Иза Ӏийр ву моьтту хьуна? Хьо ву сацам бан безарг, со вац. Ала хӀинца хьайна хууш дерг.

34 Кхетам болчара соьга эр ду, со хезна волчу хьекъалчо эр ду:

35 „Хьекъале къамел дац Аюба дийриг, маьӀна долуш хӀума дац цо бохург“.

36 Зуламхоша санна, жоьпаш даларна, Аюбана кхоччуш таӀзар динехьара!

37 Шен къиношна тӀе цо аьрхалла а туху. Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ, Деле Ӏеса къамелаш деш ву иза».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy