Аюб 31 - Делан Йозанаш1 «Сайн бӀаьргашца бина барт бу сан, уьш зудабере хьарамлонца дӀахьожур бац аьлла. 2 Иштта хилча, хӀун кхоллам бара те лакхарчу Дала суна кечбинарг? ХӀун кхел йинера те суна стигаларчу Нуьцкъалчо? 3 Зуламхошна лерина дац те дакъазабовлар, харцонаш лелочарна лерина бац те бохам? 4 Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гӀулч Цо ягар ца йо те? 5 Ас чӀагӀо йо, со харцонаш еш ца лелла аьлла, мекарниг дан сан ког сих ца белла аьлла. 6 Дала со бакъдолчу терзан тӀехь узийла, тӀаккха хуур дара Цунна, со цӀена вуйла. 7 Со нийсачу некъа тӀера галваьллехь, сан бӀаьргаша сан дог вонна тӀе дерзийнехь, сан куьйгаш хьарамчу хӀумано бехдинехь, – 8 ас дӀадийнарг кхечо доийла, сан зӀийдагаш орамашца цхьаьна хьалайохийла. 9 Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла, сайн уллорачун неӀарехь кӀелонаш ас йинехь, 10 сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла, цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла, 11 хӀунда аьлча иза хьарамло хир яра, цунна кхелахой кхел ян езаш хир бара. 12 Иза массо а хӀаллакдеш йолу цӀе хир яра. Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара. 13 Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь, церан сайца къовсам баьлча, 14 ас хӀун дийр дара, Дела суна хьалха дӀахӀоьттича? Цо сайга хаттар дича, ас хӀун эр дара Цуьнга? 15 Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те? Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те? 16 Ас чӀагӀо йо, къечун дехар ас дӀа ца теттина аьлла, йисина Ӏачу зудчун бӀаьргаш ас ца кхолийтина аьлла. 17 Ас чӀагӀо йо, сайн бепиг ас сайна ца дитина аьлла, цунах байлахь бисинчарна дакъа а ца деш. 18 Со жима волчу хенахь дуьйна байлахь бисинчарна да санна хилла, бисина болчу зударшна ненан кийрахь дуьйна гӀо дина ас. 19 ТӀедуха хӀума цахиларна стага бала хьегар а, къечу стагана тӀетаса хӀума цахилар а сайна гича, 20 ас царна тӀедуха хӀума лора, сан уьстагӀийн тӀергӀано уьш бох а бора, ткъа цара даггара баркаллаш а олура. 21 Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь, гӀалин кевнехь болчу кхелахошкара сайна гӀо хир дуйла а хууш, 22 сан куьг белша тӀера охьадужийла, пхьаьрсан голлец каглойла сан куьг. 23 ХӀунда аьлча Дала сайна бохам барх со чӀогӀа кхоьруш вара. Цуьнан возаллина дуьхьалвала сан ницкъ хир бацара. 24 Нагахь санна со деших тешнехь, я цӀеначу дешига ас аьллехь: „Хьо сан чӀагӀо ю“, 25 нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь, сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь, 26 нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а, беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш, 27 сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла, уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь, 28 иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара, лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара. 29 Сайн мостагӀа валар бахьана долуш воккхавеш хилла со, я цуьнга вон деача, сакъералуш хилла? 30 МостагӀчунна Ӏожаллин неӀалт кхайкхош, сайн баге къа ца летадайтира ас. 31 Сан хӀусамна чохь болчара эр ма ду: „Аюба жижигах ца вузийнарг вуй ткъа?“ 32 Ваьлла лелачо цкъа а арахь буьйса ца яьккхина: сан цӀийнан неӀарш цунна массо а хенахь дӀайиллина хилла. 33-34 Ас чӀагӀо йо, сайн къинош сайн четахь дӀа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хӀунда аьлча адамийн тобанех со дӀакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хӀусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара. 35 Соьга стаг ладугӀуш велахьара! Айса мел аьлларг чӀагӀдо ас. Нуьцкъалниг суна жоп луш велахьара! Нагахь санна со бехкевеш волчо сан стенна тӀехь бехк бу яздинехьара, 36 и йоза ас сайн белшаш тӀехь лелор дара, таж санна, иза сайн коьрта тӀе дуьллур дара. 37 ТӀаккха айса мел баьккхина ког дӀабуьйцур бара аса, элана санна, Цунна улло гӀур вара со. 38 Сан лаьтто суна дуьхьал кхайкхош делахь, оханна тӀера хершнаш доьлхуш делахь, 39 ас царна тӀера ялта мах боцуш диънехь, я цу ахархойн дегнаш ас дохийнехь, 40 кха тӀехь кӀен метта коканаш долийла, ткъа мекхан метта асар хьалакхуьийла». Цу тӀехь чекхделира Аюбан къамел. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia