Online Bible

- Reklamy -

Аюб 29 - Делан Йозанаш


Аюбан тӀаьххьара къамел

1 Аюб кхин а къамел дан волавелира:

2 «Ма лаьар-кх суна дӀадахана беттанаш духадоьрзийла, Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла,

3 Цуьнан къуьда сан коьрта тӀехула богуш а болуш, ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан!

4 Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь, Делаца йолу тӀекаре сан хӀусамехь йолчу хенахь.

5 Нуьцкъала Дела соьца вара, сан бераш а дара суна уллохь.

6 Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тӀехь, ткъа тарха тӀера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.

7 ГӀалин ков долчу ара а ваьлла, со майданахь сайн метте охьахиъча,

8 кегий нах, сох шайн бӀаьрг кхетча, суна хьалха къайлабовлура, ткъа къаной, хьала а гӀовттий, лаьттара.

9 Баьччанаш, бист а ца хуьлуш, шайн бета тӀе куьг а дуьллий, лаьттара.

10 Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дӀасовцура, церан меттанаш стигалх дӀалетара.

11 Со хезаш мел верг со хестош хуьлура, ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,

12 хӀунда аьлча аса гӀо доьху пекъар кӀелхьарвоккхура, гӀо доцуш болчу боберашкахьа гӀо а доккхура.

13 Лечуьра кӀелхьарваьккхинчо со декъал а вора, бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.

14 Бакъахьа лелар – сан духар санна дара, ткъа нийсо – сан оба а, чалба а санна яра.

15 Со бӀаьрзечунна бӀаьргийн метта вара, ткъа астагӀчунна когийн метта вара.

16 Мискачарна со ден метта вара, хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.

17 Зуламхойн моччагӀалш а ас дохадора, церан багара ижу а ас схьайоккхура.

18 Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву, сан денош, хӀорда йистера гӀум санна, дукха хир ду,

19 сан орамаш хи тӀе кхочу, сан гаьннаш тӀехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,

20 сан сий а дац тишлуш, сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.

21 Адамаша собарца ладугӀура соьга, дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.

22 Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара, сан дешнаш, догӀа санна, царна тӀеоьхура.

23 ДогӀане санна, сатуьйсура цара соьга, бӀаьстенан догӀанан тӀадамашна санна, шайн баганаш хьала а гӀиттайора.

24 Уьш ца тешара, со шайна велавелча, сан юьхь тӀера лепаро уьш иракара а хӀиттабора.

25 Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара. Шен эскархошна юкъахь Ӏаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь. Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy