Online Bible

- Reklamy -

Аюб 27 - Делан Йозанаш

1 Шен къамел кхидӀа а дира Аюба. Цо элира:

2 «Аса чӀагӀо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а, сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,

3 суна чохь садеӀар дӀадаллалц, сан мерӀуьргашкахь Делан са мел ду,

4 сан багара харцдерг арадер ма дац, сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац!

5 ХӀуъа хилахь а, со аша бохучунна тӀетовр вац, со дийна мел ву, сайн цӀена хилар дойур дац ас.

6 Сайн бакъхилар чӀоггӀа латтадо аса, иза ас дӀа а лур дац – цу тӀехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.

7 Сан мостагӀа харцонча санна лорийла, суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла.

8 Стенах сатийса деза Ӏесачо, Дала ша дӀатеттича, Цо шен са дӀаэцча?

9 Далла хезар дуй те цуьнан тийжар, цунна бохам тӀебеача?

10 Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух, кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь?

11 Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна, Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас.

12 Шуна шайна а ма гина дерриг а. Стенна дуьйцу и даьсса хабарш?

13 ХӀара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг, хӀара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг.

14 Цуьнан кӀентий мел дебарх, уьш туьро хӀаллакбийр бу, цуьнан тӀаьхьено дуззалц бепиг дуур дац.

15 Цунах тӀаьхьабиснарш Ӏожаллин уьно коше кхачор бу, царах бисинчу зударша царна тӀаьхьа тийжарш а дийр дац.

16 Ченал дукха дети шена гулдахь а, поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а,

17 уьш Делан лаамехь болчара тӀедухур ду, цуьнан дети цӀена лелачара доькъур ду.

18 Цо шена деш долу цӀа нецан бен санна я хехочун бун санна, до.

19 ДӀавуьжуш, хьолада санна дӀавуьжу иза, амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу. Цо бӀаьргаш схьабиллича, цуьнан хӀумма а дисина ца хуьлу.

20 Хи тӀедалар санна, тӀекхочур ду цунна Ӏадор. Буьйсанна шайтӀанан мохо иза дӀа а хьо.

21 Малхбалехьарчу мохо иза дӀаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тӀера оцу мохо дӀахьокхур ву иза.

22 Къинхетам боцучу мохо иза дӀахьоькху, цуьнан караравала гӀертачу хенахь.

23 Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тӀараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy