Аюб 26 - Делан Йозанаш1 Жоп луш, Аюба элира: 2 «Стенна тӀехь гӀо дина ахьа гӀора дӀадаьллачунна? Куьйгашкахь ницкъ боцучунна гӀо диний ахь? 3 ХӀун хьехар дина ахьа хьекъал доцучунна? КӀорга хьекъалалла луш ницкъ бина ахьа хьайна! 4 Хьан гӀо дина хьуна и дешнаш ала? Хьенан са дара хьан багахула къамел дийриг? 5 Хина а, цунна чохь бехачарна а бухахь беллачийн синош дегош лаьтташ ду. 6 Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц. 7 Цо яьссаллина тӀехь къилбаседехьара стигал дӀаяржийна, цхьа а хӀума йоцучохь латта а хьалаоьллина. 8 Шен мархаш юкъахь хи схьагулдо Цо, ткъа марха хи деза хиларх екъа а ца ло. 9 Цо беттасин юьхь дӀалачкъайо, марха цунна тӀе а йохийтий. 10 Хи тӀехула сиз хьаькхна Цо, серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош. 11 Цуьнан оьгӀазаллех инзардевлла, стигалара бӀогӀамаш ду дегош. 12 Шен ницкъаца хӀорд дӀатебира Цо, хӀордан саьрмик болу РахӀаб Цо Шен хьекъалаллица хьаьшира. 13 Цо схьадеттачу хӀоно стигал серлаяьккхира, Цуьнан куьг шершаш боьдучу лаьхьанах чекхбелира. 14 ХӀара дерриг а Цуьнан гӀуллакхийн кӀеззиг долу дакъа бен дац. Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза! Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?» |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia