Online Bible

- Reklamy -

Аюб 25 - Делан Йозанаш

1 Шуахьахо волчу Билдада, жоп луш, элира:

2 «Ӏедал а Делан ду, ларамах бузуьйтуш ву Иза. Лекхачу Шен стигалахь Цо машар латтабо.

3 Чот юй те Цуьнан эскарийн? Хьанна тӀе ца юссу Цуьнгара серло?

4 Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цӀена?

5 Цуьнан бӀаьргашкахь бутт а сирла ца хилча, Цунна хьалха седарчий а цӀена ца хилча,

6 кхин а кӀезиг ду адам – нӀаьвцицигах а, нӀаьнах а терра бен вац адаман кӀант».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy