Online Bible

- Reklamy -

Аюб 24 - Делан Йозанаш

1 «ХӀунда ца доху Нуьцкъалчо кхел ен денош билгал? ХӀунда ца го и денош Иза вевзачарна?

2 Адамаша доза къастош диллина тӀулгаш дӀасадоху, цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до.

3 Байлахь бисинчеран варраш дӀаюьгу, йисина Ӏачун сту закъалтана дӀабуьгу.

4 Цара къен верг шайн некъа тӀера дӀатотту, махкахь гӀело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу.

5 Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш, шайн болх кхочушбан арабовлу уьш. Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло.

6 Цара нехан кхаш тӀехь шайна докъар гулдо, хьарамлелачун кемсийн бешахь йиснарг схьагулйо.

7 ТӀехь хӀума доцуш дӀабуьйшу уьш, шийлачу заманахь тӀеюха хӀума а яц церан.

8 Ламанан догӀанаша уьш башабо, уьш тархех дӀахьерча, дӀалечкъийла шайн ца хиларна.

9 Бобераш декхачуьра доху, къечун аганара бер закъалтана доккху.

10 ТӀехь хӀума йоцуш лела къен нах. Ялта чудерзош болчара санна цара болх бахь а, уьш мацболуьйту.

11 РаьгӀнашна юкъахь, Ӏовдий, зайтдаьтта доккху цара, кемсаш Ӏуьйдуш мутта доккху, амма шаьш хьогалла лов цара.

12 ГӀалахь леш болчеран узарш ду хезаш, чевнаш йинарш а бу гӀо доьхуш, амма Далла церан доӀанаш дӀа ца хеза.

13 Серлонна дуьхьал гӀевттинарш а бу, царна ца девза Цуьнан некъаш, уьш цу некъаш тӀехула а ца лела.

14 Сахуьллуш хьалагӀотту нах бойург, къениг а, декъазаниг а цо воь, ткъа буьйсанна хӀума лачкъайо.

15 Нахаца леларг бода тӀебаре хьоьжу, цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“, шен юьхь а цо туьтмӀаьжигаца дӀакъовлу.

16 Буьйсанна цӀийнан пенах Ӏуьрг доккху талорхоша, ткъа дийнахь, дӀа а ловчкъий, ара ца бовлу уьш. Дийнан серло хӀун ю царна а ца хаьа.

17 Царна массарна а Ӏуьйре – Ӏожаллин ӀиндагӀ санна ю, ткъа оцу ӀиндагӀан инзаралла царна евзаш ю.

18 Амма, хина тӀехула хӀуттург санна, уьш сихха дӀабовду. Царна кхаьчнарг лаьттан декъан тӀехь неӀалт ду, церан кемсийн беша боьду некъ а баьсса бу.

19 Йокъано дешаш долчу лайн хи дӀа-ма-худдара, иштта эхарто дӀахуду къинош летийнарш.

20 Ненан кийрано а иза вицво, цунах нӀаьнийн даар а хуьлу, цхьанна а иза дага а ца вогӀу, дитт санна, кагло къинош летийнарг.

21 Цара бер доцучунна а, бераш ца хиллачунна а гӀело йо, йисина Ӏачунна а диканиг ца до цара.

22 Амма Дала Шен ницкъаца ницкъберш а дӀакхоьхьу. Дела хьалагӀаьттича, шайн дахарх церан дегайовхо ца хуьлу.

23 Дала цаьрга кхерам ца хиларе сатийсийтахь а, Цуьнан бӀаьргаш церан некъашка хьажийна бу.

24 Уьш кӀезигчу ханна бен хьала ца айабелла, тӀаккха уьш бац. Охьа а эгна, уьш, берриш а санна, схьагулбеш бу. Кенан баххьаш санна, схьахадийна а хир бу уьш.

25 Иза иштта ца хилча, сан харц хилар гучу хьан доккхур ду? Сан дешнаш эрна ду хьан эр ду?»

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy