Аюб 23 - Делан Йозанаш1 Аюба, жоп а луш, элира: 2 «Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш, куьйгаца сайн узарш ас Ӏаткъадахь а. 3 Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а, Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а, 4 аса дӀадуьйцур дара Цуьнга сайн гӀуллакх, сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра. 5 Цо сайга хӀун олу а хуур дара суна, Цо сайга бохучух а кхетар вара со. 6 Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза? Вацара! Цо Шен тидам суна тӀебохуьйтур бара. 7 ТӀаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара, ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргӀато хир яра. 8 Со малхбузехьа дӀавоьду – цигахь Иза вац, малхбалехьа – цигахь а суна Иза ца караво. 9 Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бӀаьрг а ца кхета, къилбехьа Иза дӀавирзина хилча а, суна Иза гуш вац. 10 Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со. 11 Цуьнан лар лохуш, леррина вогӀу со. Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо. 12 Цуьнан багара девллачу весеташ тӀера со ца ваьлла, Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо. 13 Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду. 14 Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду, ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дӀадиллина. 15 Цундела ву со Цунна хьалха Ӏадийна, айса ойла ешшехь – Цунах кхерало со. 16 Дала кӀаддина сан дог, Нуьцкъалчо со кхерийна. 17 Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а, сан юьхь Ӏаьржачу бодано дӀахьулйинехь а». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia