Online Bible

- Reklamy -

Аюб 22 - Делан Йозанаш

1 Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира:

2 «Далла хӀун пайда бу адамах? Ур-атталла хьекъал долчух хӀун пайда бу Цунна?

3 ХӀун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх? ХӀун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цӀена хиларх?

4 Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те хьуна Ӏиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар?

5 Бакъду, хьан вонаш дукха ду, хьан къинош доза доцуш ду.

6 Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа, царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.

7 ГӀелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа, мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора.

8 Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура, цӀеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура.

9 Бисина Ӏаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дӀабохуьйтура, ахьа байшкахь болу ницкъ а хӀаллакбора.

10 Цундела ду хьуна гонах хӀиттийна гураш, цундела хьо цӀеххьана къемато Ӏадийна ву.

11 Цундела хьуна хӀумма а ца галлал бода тӀебеана, цундела хи тӀедаларо хьо къайлавоккхуш ву.

12 Дела лекхачу стигалшкахь Ӏаш вац ткъа? Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш!

13 Ткъа ахьа боху: „ХӀун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“

14 Мархаша хӀума ган Цунна новкъарло йо, Иза стигалан Ӏаьршашкахула лелачу хенахь.

15 Ткъа гӀур вуй те хьо кхидӀа а ширачу а, зуламхоша баьккхинчу а новкъа?

16 Уьш шайн хан а кхачале хӀаллакьхилла, ткъа церан цӀенош хино дӀадаьхьна.

17 Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора! ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“

18 Ткъа Цо церан цӀенош хьолах хьаладузура. Амма ас церан хьехамаш тӀеоьцур бац!

19 Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш, церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву, цӀена верг царах воьлуш а хир ву:

20 „ХӀаллакьхилла тхан мостагӀий, ткъа царах диснарг цӀаро хӀаллакдина“.

21 Делаца тайна хилахьа а, Цуьнца барт болуш вахахьа. Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду.

22 Цуьнгара схьаболу хьехам дӀаэца, Цуьнан дош хьайн даг чу дӀадилла.

23 Нуьцкъалчунна тӀе верзахь, хьо юхаметтахӀоттийна хир ву. Нагахь санна хьайн хӀусамера къинош ахь дӀалахкахь,

24 нагахь хьайн деши ахь ченашка дӀакхоссахь, Апаран деши – Ӏаннийн тӀулгашка,

25 тӀаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дӀахӀуттур ву, Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву.

26 ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.

27 Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду, тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.

28 Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду, хьан некъаш тӀехь серло хир ю лепаш.

29 Адамаш охьатаӀийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кӀелхьарвоккхур ву.

30 Бехк берг а Дала кӀелхьарвоккхур ву, цуьнан кӀелхьарвалар хьан цӀена куьйгаш бахьана долуш хир ду».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy