Online Bible

- Reklamy -

Аюб 20 - Делан Йозанаш

1 Иштта жоп делира наӀматхо волчу Цупара:

2 «Сан ойланаша соьга жоп долуьйту, цундела вистхила сихвелла со.

3 Со сийсазвоккхуш тӀехбеттамаш суна хезаш хилча, сан кхетамо со иракарахӀоттаво царна жоп дала.

4 Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа, лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна,

5 харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла, Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?

6 Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а, цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а,

7 иза шен боьхалла санна, массо а ханна дӀавер ву, ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ – бохуш, хоьттур ду.

8 ГӀан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дӀавоккхур ву иза.

9 Иза гина болчу бӀаьргашна кхин гур вац и, ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза.

10 Цуьнан кӀентий сагӀадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу, цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду.

11 Цуьнан дегӀ дузийна хилла къоналлин ницкъ цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу.

12 Вон цуьнан багахь мерза делахь а, цо маттана бухахь иза дӀалачкъадахь а,

13 иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь, стигална буьххьехь латтадо цо.

14 И санна кхача гай чохь муьста хир бу, цуьнан кийрахь лаьхьанан дӀовш хилла дӀахӀуттур бу.

15 Цо дӀакхаьллина болу дуьненан бахам схьаӀеттор бу, Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу.

16 Цо цӀубдеш дерг лаьхьанан дӀовш ду, лаьхьанан матто иза вуьйр ву.

17 Цо зовкх хьоьгур дац татолех а, мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а.

18 Къахьегарца ша гулдинарг, дӀа а ца кхоллуш, юхадала деза цо, йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац,

19 хӀунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш, ша дина доцу церан цӀенош схьа а даьхна.

20 Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара.

21 Цхьа а хӀума цо дӀакхаллаза дисна дац, цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац.

22 Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду, цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тӀе охьабужур бу.

23 Шен тӀингар цо эккха йоллуш юзош хилча, Делан оьгӀазалла юссур ю цунна тӀе, догӀа санна, цунна тӀе таӀзарш а доуьйтур ду.

24 Шаьлтанах кӀелхьарвалар цуьнан хилахь а, цӀестан секхаӀодан пха цунах кхетар бу.

25 И пха схьабаккха иза хӀоттахь, цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь, эццахь евзар ю цунна Ӏожаллин инзаралла!

26 Ӏаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш. Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цӀаро дӀакхоллур ву иза, цуьнан четар чохь мел хилла долу хӀума а хӀаллакьхир ду.

27 Стигало цуьнан харц хилар дӀадоьллур ду, латта а цунна дуьхьалдер ду.

28 Цуьнан цӀера цо мел гулдинарг дӀадер ду, хи санна, дӀагӀур ду Делан оьгӀазаллин дийнахь.

29 Иштта хир ду Ӏесачун Делера долу дакъа, иштта Делера кхел а хир ю цунна».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy