Online Bible

- Reklamy -

Аюб 2 - Делан Йозанаш


ШайтӀано юха а Аюб зер

1 Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀиттира. Царна юкъахь шайтӀа а дара.

2 Везачу Эло хаттар дира цуьнга: «Хьо стенгара схьадеана?» – аьлла. Везачу Элана жоп луш, шайтӀано элира: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».

3 Везачу Эло шайтӀане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хӀуманах ларлуш ву. Иза хӀинца а чӀогӀа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахӀоттийнехь а».

4 Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦӀокана дуьхьал цӀока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хӀума дӀало.

5 Хьайн куьг дӀа а кховдадай, цуьнан даьӀахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бӀаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!»

6 Везачу Эло шайтӀане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза».

7 ШайтӀа Везачу Элана уллора дӀадахара. Цо Аюбан дегӀа тӀе когаш тӀера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даӀ туьйхира.

8 Цу даӀ тӀе хьакха кхийрачу пхьегӀех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тӀе охьахиира Аюб.

9 Цуьнан хӀусамнанас цуьнга элира: «Хьо хӀинца а чӀогӀа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тӀаккха хьо лийр ву!»

10 Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дӀататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна.


Аюбан доттагӀий

11 Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагӀчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наӀматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама.

12 Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧӀогӀа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тӀера бедарш а этӀош, коьрта тӀехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара.

13 ВорхӀ дийнахь а, ворхӀ буса а Ӏийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хӀунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy