Online Bible

- Reklamy -

Аюб 19 - Делан Йозанаш

1 ТӀаккха Аюба жоп делира:

2 «Мел хьийзор ву аша со, шайн дешнашца со хьоьшуш?

3 Хьалха а уьттазза юьхь яьхна аша сан, шаьш са готта хьовзорах оза а ца луш.

4 Нагахь ас къа латийнехь а, сан гӀалат соьца дуьсур ду.

5 Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тӀех а детташ, суна хьалха шу лакхадовла гӀертахь,

6 хаалаш: со охьатаӀийнарг Дела ву шуна, Шен гураш суна гонах дӀа а хӀиттийна.

7 Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ – бохуш, амма суна жоп луш цхьа а вац, ас орца доху, амма суна нийсо ца йо.

8 Суна хьалхара некъ Цо дӀалаьцна, цундела со дӀа ца вахало, сан некъаш тӀе Цо бода хӀоттийна.

9 Соьга хилла болу ларам Цо дӀабаьккхина, сан коьртара таж а дӀадаьккхина.

10 Массо а агӀонгара тӀеетта Цо суна, со леш ву! Сан сатуьйсийла дӀаяьккхина, орамашца схьадаьккхина дитт санна.

11 Иза суна дуьхьал оьгӀазаллех вуьзна ву, Цо со Шен мостагӀа санна лору.

12 Цуьнан ардангаш суна тӀегӀерта, шайна некъ а боккхуш, цара сан четарна го бина.

13 Сан гергарнаш суна уллора Цо дӀабаьхна, со вевзарш а сох къехка.

14 Сан тайпанах берш суна уллора дӀабевлла, со вевзаш хиллачара со вицвина.

15 Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета, царна гергахь со хийра стаг ву.

16 Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло, цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со.

17 Сан зуда сан Ӏаьнах къехка, сан берашна а со боьха хета.

18 Божаберашна а со сийсаза хета, со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало.

19 Сан доттагӀашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла.

20 Сох, чкъор а, даьӀахкаш а бен, хӀумма а ца дисина, валлал бен суна чохь са а дац.

21 Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох, сан доттагӀий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду!

22 ХӀунда лела шу суна тӀаьхьадевлла, Дела ма-леллара? ХӀунда лела шу суна кхин а мотт бетташ?

23 Сан дешнаш дӀаяздина делахьара! Уьш тептар тӀехь дӀаяздина делахьара!

24 Аьчка къоламца дошана тӀехула я массо а ханна тӀулга тӀехь уьш хьаькхна делахьара!

25 Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тӀаьххьара а лаьтта тӀехь дӀахӀуттур вуйла а.

26 Цамгарша сан чкъор дӀакхаьллинехь а, сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву.

27 Суна сайна гур ву Иза. Сан бӀаьргашна гур ву, тӀаккха Иза суна хийра хир вац. Со хьаьгна ву иза хилийта!

28 Аша иштта аьллехь: „Цунна тӀаьхьа муха довла деза вай, баланийн бахьанаш цунна чохь карош хилча?“,

29 кхералаш туьрах, хӀунда аьлча дералло туьре бекхам бойту. ТӀаккха хуур ду шуна кхел юйла».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy