Аюб 18 - Делан Йозанаш1 Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада: 2 «Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра? Ойла ейша, тӀаккха дийр ду вай къамел. 3 ХӀунда лору тхо бежанаш санна? Шун бӀаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хӀунда моьтту? 4 Хьо оьгӀазвахханчохь хьайн са доу ахьа. Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа, я тарх шен меттера дӀахилийта еза ткъа? 5 Ӏесачун серло а кхулур ю, цуьнан цӀеран алу а лепар яц. 6 Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу, цунна тӀехула болу къуьда дӀабовр бу. 7 Цуьнан чӀогӀа болар а лахлур ду, шен ойланаша иза вужуьйтур ву. 8 Цуьнан когаша иза бойнна тӀе вуьгуш ву, бойнан машшаш тӀехула иза воьдуш ву. 9 Цуьнан кӀажа гуро дӀалоцуш бу, кӀелоно иза схьахоьцуш а вац. 10 Къайлаха речӀанаш цунна лаьттахь йоьгӀна ю, цуьнан некъаш тӀе доьгӀна гураш а ду. 11 Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш. 12 Мацалло цуьнан ницкъ дӀакхоллу. Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта. 13 Цамгаро цуьнан чкъор дӀакхоллуш ду, къизачу Ӏожалло дегӀан меженаш юуш ю. 14 Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина, къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза. 15 Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Ӏийр ву, цуьнан хӀусамна тӀе тесна саьмгал хир ду. 16 Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тӀера цуьнан гаьннаш а маргӀалдулур ду. 17 Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хӀума йойур ю, урамашкахь цуьнан цӀе кхин яьккхина хир яц. 18 Серлонгара бодане иза дӀалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дӀавоккхур ву. 19 Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тӀаьхье хир яц цуьнан, иза Ӏийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац. 20 Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу, малхбалера берш цунна хиллачух Ӏадийна лаьттар бу. 21 Баккъалла а, иштта хир ю вочун хӀусам, Дела къобал ца винчун цӀа иштта хир ду». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia