Online Bible

- Reklamy -

Аюб 17 - Делан Йозанаш

1 «Сан дог доьхна лаьтта, чекхдовлуш ду сан денош, со кошан йистехь лаьтташ ву.

2 Сох кхаьрдаш берш суна гонах лаьтта, сан бӀаьргаш церан мостагӀалла ган дезаш бу.

3 Дала дезарг дӀалохьа, Дела, со дӀахецархьама! Кхин мила хир ву сох дош дала лууш верг?

4 Церан дегнаш Ахь кхетамах даьхна, цундела Ахь цаьрга толам боккхуьйтур бац.

5 Са яккхархьама стага шен доттагӀий емалбахь, оцу адаман берийн бӀаьргаш кхулур ду.

6 Сох нахе кицанаш даладойтург вина Цо, юьхь тӀе шеташ етташ волу стаг ву со.

7 Сан бӀаьргаш балано талхийна, сан дегӀ ӀиндагӀ санна ду.

8 Бакъахьа леларш оцунах эргӀадбуьйлу, бехк боцурш Ӏесачунна карзахбуьйлу.

9 Делан лаамехь верг шен новкъа тӀера вер вац, ткъа куьйгаш цӀена дерш чӀагӀлуш дӀахӀуьттур бу.

10 Ткъа шу – кхин а цкъа схьа а дуьйла, дист а хила! Шуна юкъахь хьекъалалла дерг карор вац суна.

11 Сан денош чекхдевлла, ас йина ойланаш йоьхна, сан деган сатуьйсийла дӀаяьлла.

12 Цу наха буьйсанах де ду олу, суна хьалха бода лаьтташехь, серло тӀекхочуш ю олу.

13 Ас сатуьйсуш долу цӀа эхарт бен ца хилча, цигахь болчу боданехь сайна мотт ас биллича,

14 бух боцучу Ӏинах, сан да аьлла, цӀе яьккхича, кошан нӀаьнех сан нана я йиша ас аьлча,

15 тӀаккха мичахь ю сан сатуьйсийла? Сан догдохийла хьанна гур ду тӀаккха?

16 Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне, соьца цхьаьна Ӏожаллин чене юьжур юй те?»

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy