Online Bible

- Reklamy -

Аюб 16 - Делан Йозанаш

1 Аюба цунна дуьхьал жоп делира:

2 «И саннарг суна дуккха а хезна, шун догъэцаро вон бен ца дахьа.

3 Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе? Иштта хабар деш хьо иракарахӀоттош дерг хӀун ду?

4 Аса а дуьйцур дара хӀинца аша санна, шу сан метта хилча, соьга а далур дара хаза къамелаш, кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош.

5 Аса а сайн маттаца шу чӀагӀдийр дара, сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара.

6 Со вистхилча а, сан бала дӀа ца болу, вист а ца хуьлуш со Ӏийча а, иза лах ца ло.

7 Дала сан тӀаьххьара гӀора дӀадаьккхина. Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх.

8 Цо со схьа-ма-лаьцна, ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду. Сан гӀора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла, сох бехкаш а дохуш.

9 Делан оьгӀазлоно со цоьсту, Шен цергаш суна хьекха а еш, Цо соьца мостагӀалла леладо. Сан МостагӀчо Шен ира хьажар суна тӀедерзадо.

10 Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гӀаттийна, дов дарца сан беснеш тӀе етта цара, уьш массо а суна дуьхьалбовлу.

11 Дала со вочу адамийн кара дӀавелла, Ӏесачеран буьйна со дӀа а кхоьссина.

12 Со синтеме Ӏаш вара, амма со кагвира Цо. Вортанна тӀера схьа а лаьцна, со войра Цо. Со Шен гӀакх санна вина дӀахӀоттийра Цо.

13 Цуьнан пхерчий массо а маьӀӀера схьадетталуш ду, Цо сан жаннех къа ца хеташ Ӏуьтту, сан стим а лаьтта тӀе охьаӀанийна.

14 Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза. ТӀемало санна, суна тӀеуьду Иза.

15 Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна, гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.

16 Велхарна сан юьхь цӀийелла, сан бӀаьргаш тӀехь Ӏожаллин ӀиндагӀ ду.

17 Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а ницкъ ца бина, сан доӀа цӀена ду.

18 Латта! Ма даккхахьа сан цӀий къайла! Ас хьоькху мохь къайлаха дӀахьулбина ма хуьлийла!

19 Делахь а, стигалахь сан Теш ву, лакхахь ву суна ТӀехӀуттуш верг а!

20 Сан юкъалеларг суна доттагӀа хилла дӀахӀоьттина, Деле а хьоьжуш, ас бӀаьрхиш Ӏенадечу хенахь.

21 Стеган дуьхьа цо Деле доьху, адамо шен доттагӀчун дуьхьа ма-деххара.

22 Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду, юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy