Аюб 15 - Делан Йозанаш1 Теманхо волчу Элипаза жоп делира Аюбана: 2 «Хьекъал долчо эрначу хабаршца жоп лур дара те? Мохан даьссачух хьо санна волчо шен кийра бузур бара те? 3 Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те? Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те? 4 Амма ахь ур-атталла нехан суьпалла жим а йо, адамо Деле доӀа дарна ахь дуьхьало а йо. 5 Хьо къилахь хиларо Ӏамайо хьан бага. Хьайн лаамца хӀилланчийн мотт буьйцу ахь. 6 Со вац хьуна кхел йийриг, хьан бага ю, хьан матто хьуна дуьхьал тоьшалла до. 7 Адамашна юкъахь хьо дуьххьара кхоьллина ву моьтту хьуна, я лаьмнел а хьалха хьо вина ву моьтту хьуна? 8 Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгӀирий те ахь? Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те? 9 Тхуна ца хуург хӀун ду хьуна хууш? Тхо ца кхеттачух стенах кхетта хьо? 10 Тхуна юкъахь къежбелла баккхийнаш бу, ткъа уьш хьан дел а баккхий бу. 11 Ца тоьу те хьуна Делера долу синхьаамаш, хьайца кӀеда деш долчу къамелах тоам ца бо те ахьа? 12 Стенна даьлла те хьан дог цу тайпана карзах? Стенна бу те хьан бӀаьргаш, ткъес санна, къегаш? 13 Хьайн са Далла дуьхьал хӀунда доккху те ахьа, хӀунда дуьйлуьйту ахьа хьайн багара и тайпа къамелаш? 14 Адам хӀун ду, Далла хьалха ша цӀена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? 15 Дела Шен дезачу маликех а ца теша, Цунна хьалха стигалш а цӀена яц. 16 Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду, хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу? 17 Соьга ладогӀа, тӀаккха ас иза туьдур ду. Сайна гинчух лаьцна ас хьоьга дуьйцур ду. 18 Хьекъалалла долчара дийцинчух а, цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш, дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга. 19 Вайн дайшна бен дӀаделла ца хилла латта, хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла, цундела дайшкара дерг цӀена а, нийса а ду. 20 Ша мел вехачу деношкахь Ӏесаниг баланехь хьийза. Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду. 21 Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш. Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тӀелета. 22 Боданах кӀелхьарваларе цо са ца туьйсу, даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду. 23 Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий, цунна хууш ду боданан де тӀекхаьчнийла. 24 Саготтоно а, синӀаткъамо а иза Ӏадийна латтаво, тӀамца вогӀу паччахь санна, тӀегӀерта уьш цунна. 25 И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду, Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду. 26 Курра дуьхьалволура иза Цунна, ша ларвархьама деза турс а даьккхина, 27 иза шех тоам бина волу дела а, дозаллина севсина волу дела а. 28 Иза йохийначу гӀаланашкахь вехаш ву, адамаш чохь даха ца дезачу, охьаэга кийча долчу цӀенош чохь. 29 Иза дукха ханна хьал долуш хир вац, цуьнан бахам а буьсур бац, лаьтта тӀехь цуьнан долахь дерг алсамдер дац. 30 Иза боданах кӀелхьарвалалур вац. ЦӀеран алуно патарш дакъош долу дитт санна, хир ву иза, ткъа Делан Ӏаьнаро иза дӀавоккхур ву. 31 Эрна долчух тешна Ӏаш ма хуьлийла иза, цунах ша Ӏеха ма войла цо, хӀунда аьлча эрналла цуьнан ял хир ю. 32 Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла, цкъа а сенделла дӀагӀур доцу га санна, хир ву. 33 Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза, я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву. 34 Ӏесачийн тобанарчун тӀаьхье хир яц, ткъа кхаьънех доьгӀна цӀенош цӀаро дагор ду. 35 Шайн даг чохь вониг а кхуллу, цара зулам дӀа а хӀоттадо. Ӏесачеран кийрано мекарло йоккху». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia