Online Bible

- Reklamy -

Аюб 13 - Делан Йозанаш

1 Аюба элира: «И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду, суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета.

2 Шуна хууш дерг суна а хаьа. Со а ма вац шул оьшуш.

3 Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна, Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа!

4 Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до, шу дерриш а – пайда боцу лоьраш ду.

5 ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича, иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара.

6 ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга, сайн багахула ас туьдучун тидам бейша.

7 Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша? Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша?

8 Цуьнга озабезам бан лаьий шуна? Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу?

9 Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй? Я Иза, адам санна, левийр ву аша?

10 Цо луьра таӀзар дийр ду шуна, аша къайлаха озабезам лелабахь.

11 Цуьнан возалло шу кхера ца до те? Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те?

12 Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду. Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду.

13 ДӀа а совций, со вистхилийта, тӀаккха кхунах луъург хилахьара.

14 Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара? Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара?

15 Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса.

16 Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац.

17 Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга, сан кхеторан дешнийн тидам бейша.

18 Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла.

19 Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг? Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара.

20 Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь, тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш:

21 суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа, Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа.

22 ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву.

23 Мел ду сан къа а, сан зулам а? Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна!

24 ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?

25 ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь? Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо?

26 Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг, жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш.

27 Ахьа сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу, ас юьту лараш тергалйо Ахьа.

28 Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а, нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy