Online Bible

- Reklamy -

Аюб 12 - Делан Йозанаш

1 ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира:

2 «Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша? Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!

3 Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна. Ткъа со а ма вац шул оьшуш – иза хьанна ца хаьа?

4 Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагӀашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.

5 Синтем болчунна моьтту бохамах кхарда веза. Ког тасабелларг чутоттуш ву.

6 ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь, Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.

7 ТӀаккха хатта акхарошка – цара хьоьхур ду хьуна, стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.

8 Лаьттаца къамел де – цо хьоьхур ду хьуна, хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга.

9 Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?

10 Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хӀуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а.

11 Маттана юучун чам хааре терра, лергана а ца девза ткъа дешнаш

12 Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна, дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.

13 Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.

14 Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац, Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац.

15 Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю, Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо.

16 Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а.

17 Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо, кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.

18 Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий, лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо.

19 Динан дай Цо даржах эшабо, чӀагӀбина куьйгалхой херцабо, уьш тоххара дуьйна белахь а.

20 Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо, къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.

21 Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо, ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху.

22 Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху.

23 Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до. Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу.

24 Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.

25 Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш, бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy