Аюб 10 - Делан Йозанаш1 «Сан синна сан дахар къахьделла. Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш. Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала. 2 Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел. Дийцахьа суна, стенна тӀехь со бехкево Ахь? 3 Хьуна тамехь ду те суна гӀело яр а, Хьайн куьйгаша виначух кхардар а, ткъа Ӏесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а? 4 Адаман ши бӀаьрг бу те Хьан, я адамна санна са го те Хьуна? 5 Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар? Адаман санна ду те Хьан шераш? 6 Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те? Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те? 7 Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь, Ахь со дӀа ца хоьцу, со Хьан куьйга кӀелхьара ваккха стаг а вац. 8 Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цӀенна а, ткъа хӀинца хӀаллак хӀунда во Ахьа со? 9 Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХӀинца юха а сох чан ян воллу те Хьо? 10 Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кӀалд санна, вукъвира Ахьа со. 11 Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тӀе, даьӀахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со. 12 Ахьа суна дахар делира, хедар боцу безам а белира, гӀайгӀа барца сан са а лардеш. 13 ХӀара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг, суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий. 14 Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара, аса латийнарг таӀзар доцуш дуьтур а дацара. 15 Со бехке велахь – декъаза хуьлийла со! Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац. Эхь хетарх вуьзна ву со, балано со вахийна. 16 Со жимма хьалатаьӀӀашехь, лом санна, тӀаьхьаволу Хьо суна, Хьайн тамашийна ницкъ юха а суна дуьхьалбоккхуш. 17 Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху, Хьайн оьгӀазалла чӀагӀ а еш. Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю. 18 ХӀунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа? Цхьана а стеган бӀаьрг кхетале со велла велара! 19 Со цкъа а хилла а ца хиллехьара! Ненан кийрара схьаволлушехь, коша чу виллина со хиллехьара! 20 Сан дахаран денойх кӀезиг бен дисна дац те? ДӀаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта, 21 юхавоьрзур воцучу меттиге со дӀакхалхале – бода а, Ӏожаллин ӀиндагӀ а долчу махка, 22 Ӏаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка, серло а боданах тера йолчу махка“». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia