Юнус 1:3 - Делан Йозанаш3 Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гӀалахьа дӀаволавелира, Везачу Элах дӀавадархьама. ХӀордан йистехь йолчу Яппи-гӀала а кхаьчна, Таршаш-гӀала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тӀе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дӀавадархьама. Ver Capítulo |
ТӀаккха цо доӀанна тӀехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гӀала, хӀунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.