Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Шамъал 1:3 - Делан Йозанаш

3 ХӀора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гӀала воьдуш хилла массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элана лерина долу гӀуллакх дан а, Цунна сагӀа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Ӏелин кӀентий: Пайнехьассий, Хьапний.

Ver Capítulo Copiar




Шамъал 1:3
22 Referencias Cruzadas  

«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта.


ХӀора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хӀитта беза.


Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хӀитта беза.


ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура.


Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дӀахӀотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза.


Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь.


Данан тайпа Микас бинчу цӀунна корта бетташ лелла, Делан цӀа Шилунехь мел лаьтта.


ТӀаккха цара элира: «ХӀора шарахь Шилун-гӀалахь хуьлуш Везачу Элана лерина деза де ду». (Шилун-гӀала Бетал-гӀалина къилбаседехьа а, Бетал-гӀалара Шехеме боьдучу некъана малхбалехьа а, иштта Либуна-гӀалина къилбехьа а лаьтташ ю.)


Шен доьзалца хӀора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагӀа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан.


Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хӀума йиъна а, мелла а девллачул тӀаьхьа, Хьанат хьалагӀаьттира. Динан да волу Ӏела Везачу Элан цӀийнан неӀсагӀи тӀехь Ӏаш вара.


Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхӀу а вара. (Иза вара Ахьтубин кӀант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Ӏелин кӀентан Пайнехьасан кӀант.) Цигахь долчу халкъана ЯхӀуната дӀавахнийла ца хаьара.


Леррина тӀехула йоьхна лелош йолу бедарш цунна шен нанас, тега а тоьгий, хӀора шарахь яхьаш хилла, иза шен майрачуьнца сагӀа даккха йогӀуш.


Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тӀекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кӀант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву.


Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цӀенна тӀехь массо а тӀейогӀучу ханна таӀзар дийр ду аьлла, хӀунда аьлча цо шен кӀенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хӀуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела.


Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахара, ткъа Ӏелин ши кӀант, Хьапний, Пайнехьассий, велира.


Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ схьадаийтира. ТӀорказан негӀар тӀехь Ӏаш дашо деза ши малик дара. Царна тӀехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тӀорказна уллохь Ӏелин ши кӀант вара, Хьапний, Пайнехьассий.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios