2 Элкханан ши зуда яра. Цхьана зудчун цӀе Хьанат яра, вукхун цӀе Паннана яра. Паннанин бераш хилла, ткъа Хьанат доьзалхой боцуш хилла.
Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.
Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира.
Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чӀогӀа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира.
ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан – Цилла.
Шен зударшка ЛемакӀа элира: «Ӏада а, Цилла а! ЛемакӀан зударий! ЛадогӀа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн. Сайна чов йича, стаг вийна ас. Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас.
Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла.
Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ.
Кхузахь яра Ашаран цӀийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоӀ Ӏайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхӀ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза.
Цу хенахь Манахь цӀе а йолуш, Данан тӀаьхьенах волу цхьа стаг вара ЦорӀа-гӀалахь вехаш. Цуьнан зуда берах хуьлуш яцара.
ГадӀанан кхузткъе итт кӀант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела.