Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 4:7 - Делан Йозанаш

7 ТӀаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогӀучу синпаргӀатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна долу дела.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 4:7
43 Referencias Cruzadas  

Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!»


Делаца тайна хилахьа а, Цуьнца барт болуш вахахьа. Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду.


Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу? Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву? Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,


Веза Эла, со дӀа а хазий, къинхетам бехьа сох! Веза Эла! Хилахьа сан гӀоьнча».


Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гӀуллакхаш а дац.


ХӀума къасто хаарш хиларо хьо ларвийр ву, кхетамалло а хьуна ха дийр ду,


Хьекъалаллина букъ ма берзабе, тӀаккха цо хьо ларвийр ву. Хьекъалалла дезаш а хила, цо Ӏуналла дийр ду хьуна.


Хьо новкъа ваьлча, цара хьуна тӀехь куьйгалла дийр ду. Хьо дӀавижча, цара хьо ларвийр ву. Хьо самаваьлча, уьш хьох дагабевр бу.


Веза Эла! Ахьа синтем дӀахӀоттабо тхуна. Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина.


Шен дагахь дерг чӀагӀдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хӀунда аьлча иза Хьох тешна Ӏаш ву.


Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хӀуманаш.


Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТӀаккха хьан синтем дӀадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хӀордан тулгӀенаш санна хир яра.


«Ӏесачарна машар хир бац», – боху Везачу Эло.


Латта оьцуш долу кехат Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀа а делла, Везачу Эле доӀа дира аса:


Делахь а, Ас гӀалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю.


Везачу Эло Шен юьхь шуна тӀе ерза а йойла, Цо шуна синпаргӀато а лойла!“»


Ӏожаллин боданехь Ӏаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».


«Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тӀехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»


Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.


ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».


Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.


ХӀунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргӀатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза.


Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргӀатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.


Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргӀато а йолуш деха вай.


Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Ӏожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргӀато а ю.


Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь ярхьама.


Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гӀерталаш, сан кхайкхамашка ладогӀалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Ӏелаш. ТӀаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву.


Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хӀара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар,


Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга.


Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.


Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду.


Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.


Соьгара шайна Ӏеминарг, дӀаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТӀаккха синпаргӀатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.


Дала елла йолу синпаргӀато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегӀ а дина, синпаргӀатоне тӀекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила.


Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хӀуманна тӀехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а!


Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лено, Якъубан вашас, ЯхӀуда Дала тӀекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас ларбечу а нахе:


Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios