Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 4:6 - Делан Йозанаш

6 Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ма е, амма мел дечу доӀанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дӀахаийта.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 4:6
45 Referencias Cruzadas  

Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а.


Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а, доӀа а дина, оцу гӀуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира.


Суна гӀо а Хьоьгара ду, Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь со воккхавеш хир ву.


Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу.


Айхьа мел дийриг Везачу Элан кара дӀало, тӀаккха хьо дан воллург кхочушхир ду.


Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хӀунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа.


Латта оьцуш долу кехат Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀа а делла, Везачу Эле доӀа дира аса:


„Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дӀахьулдина а хӀуманаш дӀакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу.


Шадрака а, Мешака а, Ӏабди-Нагас а жоп делира Набухди-Нецар-паччахье: «Цунах лаьцна хьоьга жоп дала оьшуш меттиг бац тхан.


Ткъа Даниал, паччахьо и омра чӀагӀдинийла шена хиъча, шен цӀа чу вахара. Цуьнан лакха тӀехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дӀадиллина дара. ХӀинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хӀоьттина, шен Далла доӀанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.


Шаьш дӀалаьцначул тӀаьхьа, хӀун эр ду техьа оха бохуш, гӀайгӀане а ма хила, хӀунда аьлча шуна дӀаделлалур ду, хӀун ала деза.


Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хӀуьнан маьӀна дича, дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду.


Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».


Царах дӀа ма тарло, хӀунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хӀун оьшу.


«Маржа яӀ, Марта, – элира Ӏийсас, – хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю,


ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде.


Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю – цунна са ма гатде.


Гуттар а доӀанаш деш, догйовха хилийтархьама, Ӏийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хӀума дийцира:


Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тӀе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза?


Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хӀумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргӀатвала хьайн аьтто белахь, паргӀатвала а хьажа.


Суна-м шун цхьана а хӀуманна тӀехь гӀайгӀа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гӀуллакхна гӀайгӀанехь ву.


Тхуна тӀера доӀанаш а деш, цу гӀуллакха тӀехь аша гӀо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доӀанашка Дала ладогӀарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу.


Даим а, массо а хӀуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан цӀарах.


Муьлххачу а хенахь Делан Синан гӀоьнца доӀанаш делаш, массо а тайпана доӀа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тӀера кхидӀа доӀанаш а делаш.


Дала елла йолу синпаргӀато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегӀ а дина, синпаргӀатоне тӀекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила.


Дашца я гӀуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Ӏийсан цӀарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш.


Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доӀанаш делаш.


Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доӀанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а,


Билггал цхьа йисина Ӏаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доӀанаш а деш, сих-сиха Деле гӀо доьхуш хуьлу.


Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.


Берриг а шайн гӀайгӀанаш Цунна тӀе яхка, Иза шун бала болуш ву!


Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагӀар а, я йий а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дӀабелхош ю.


Шайна тӀекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кӀентий а, йоӀарий а дӀабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тӀе тӀулгаш детта гӀерташ дара. И хӀума бахьана долуш чӀогӀа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чӀагӀвелира.


Цул тӀаьхьа Шамъала, тӀулг схьа а эцна, иза МицӀпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тӀулган цӀе Абани-Ӏазар тиллира цо (иза «гӀо ден тӀулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хӀокху метте кхаччалц вайна гӀо дина».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios