Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 4:5 - Делан Йозанаш

5 Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 4:5
25 Referencias Cruzadas  

«Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду.


Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».


«Варелаш, тӀехъюучу хӀумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дӀа ма лецийталаш, хӀунда аьлча оцу дийно дӀалоцур ду шу,


Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла!


Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кӀорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу?


Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта.


Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хӀуманна тӀехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дӀадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама.


Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахӀала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу.


шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогӀу де тӀекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тӀехь дӀаязбина бу аьлла.


Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш.


Вешан гуламаш дӀатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гӀо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.


ХӀунда аьлча: «Йиснарг кӀезиг хан бен ма яц, тӀаккха и ван везаш верг вогӀур ма ву – иза хьелур вац.


Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гӀиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тӀаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.


Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.


Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!


«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios