2 Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву!
Цул тӀаьхьа, вежарий новкъа а баьхна, уьш дӀабоьлхуш, цо элира: «Новкъахь девнаш ма дахалаш!»
Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».
Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа ас чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу.
Вуьшта, хӀинца ваьшна девзина долчуьнца кхидӀа а даха деза вай.
Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш.
Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.