Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 3:7 - Делан Йозанаш

7 Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 3:7
20 Referencias Cruzadas  

Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хӀора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун.


ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча?


«Стаг Суна тӀаьхьахӀоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь.


Хьал долчу стеган шен дахар эца йиш ю, ткъа къечунах цхьаммо а мах боьхур бац.


Уьш гӀалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХӀинца довда, шайн синош кӀелхьардаха! ГӀалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогӀи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дӀагӀо, довдий. Нагахь совцахь, гӀалица цхьаьна хӀаллакьхир ду шу!»


Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦӀокана дуьхьал цӀока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хӀума дӀало.


ХӀусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хӀокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гӀуллакх догӀуш.


Бакъдерг лаха хьайна, цунах дӀа ма къаста. Иштта хьекъалалла а, хьо Ӏамор а, кхетам а лаха.


ЛутӀагӀар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тӀулг хилира.


Тоъал хӀума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргӀатдаккха хӀиттира уьш, кӀа хӀорда чу а кхуьссуш.


Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.


ХӀума лахаран а шен хан ю, лохучуьра сацаран а шен хан ю. ХӀума Ӏалашъяран а шен хан ю, иза дӀатасаран а шен хан ю.


Шен тӀехулара бедар дӀа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Ӏийсана тӀе веара иза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios