Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 3:5 - Делан Йозанаш

5 ХӀунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхӀалгӀачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Ӏебархойх схьаваьлла Ӏебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 3:5
16 Referencias Cruzadas  

КӀелхьарваьллачу цхьаммо вахана Ӏебаран тӀаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Ӏаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Ӏанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гӀо дийр ду аьлла.


КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза.


Ӏебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хӀума а ца даьлла соьгара».


Тхоьца чувоьллина гӀаролан хьаькаман ялхо волу къона Ӏебархо вара. Оха цунна тхешан гӀенаш дийцира, цо церан маьӀна дира.


«Со Ӏебархо ву. Со латта а, хӀорд а кхоьллина волу Веза Эла, стигалара Дела, лоруш ву», – аьлла, жоп делира цаьрга Юнуса.


БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо баьхкинарш цуьнан цӀе шен ден санна Закри тилла дагахь бара.


БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.


Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дотта деза.


«Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гӀалахь вина волу, амма кхузахь, хӀокху гӀалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Ӏамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гӀуллакх деш вара со.


Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахӀала чӀоггӀа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян».


Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Ӏебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хӀуманан дакъа шайн бисина Ӏачу зударшна ца кхочуьйту.


Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дӀатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахӀиман хӀух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо.


Уьш Ӏебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахӀиман хӀух буй? Со а ву.


И баккхийберан мохь шайна хезча, пӀелаштамхоша элира: «Ӏебархойн агӀонехь ма чӀогӀа маьхьарий хьоькху. И хӀун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тӀорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios