Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 3:12 - Делан Йозанаш

12 Аса ца боху, оцу массо а хӀумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас со дола ваьккхинчу Ӏалашоне кхача гӀерташ ву со.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 3:12
44 Referencias Cruzadas  

Делан лаамехь верг шен новкъа тӀера вер вац, ткъа куьйгаш цӀена дерш чӀагӀлуш дӀахӀуьттур бу.


Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.


Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву.


Ва Дела, со бехказаваккхахьа, диндоцучу халкъана дуьхьал болчу сан къовсамехь суна гӀо дехьа. Мекарчу а, зуламечу а адамех со кӀелхьарваккхахьа!


Амма Дала царна тӀе пхерчий кхуьссу. Уьш цӀеххьана дӀа а лоцур бу.


Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттийна Ахьа.


Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тӀеттӀа серлаболу и некъ.


Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш, Веза Эла лоьхурш! Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса, шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.


Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гӀерта вай. Цуьнан гучувалар, цӀийъелла Ӏуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогӀур ву Иза вай долчу, Ӏаьнан догӀа санна, бӀаьста деанчу догӀано латта тӀадор санна».


Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».


Везачу Эло элира Хьанасе: «ДӀавало! И стаг Ас хаьржина гӀирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цӀе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а.


я цхьана а вайна тӀехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хӀумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула болчу Делан безамах вай дӀакъасто йиш цахиларх.


Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дӀадоккхур ду.


Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.


Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгӀат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгӀат шайна кхачийтархьама.


Тхо гӀорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доӀанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш.


Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.


Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама.


Дуьне а кхоллале, вай Ӏийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цӀена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела,


Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гӀуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ дӀахӀотто а.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга.


Вуьшта, хӀинца ваьшна девзина долчуьнца кхидӀа а даха деза вай.


ХӀунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гӀуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Ӏаш а дац.


Цул сов, кхидолу массо а хӀума эрна хета суна, хӀунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хӀуманах ваьлла. Кхидолу массо а хӀума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а,


Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.


Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кӀелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тӀера Деле даим баркаллаш баха деза оха.


Шен дикачу гӀуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тӀе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гӀуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гӀо а деш, муьлхха а дика гӀуллакх дан а гӀерташ елахь, иза дӀаязъян тарло.


Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.


Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.


самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна,


Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хӀума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин.


хӀунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегӀан дола дало.


Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КӀеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чӀагӀо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.


Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios