Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 3:1 - Делан Йозанаш

1 Ткъа хӀинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 3:1
46 Referencias Cruzadas  

Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура.


Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!


ТӀаккха Везачу Элана хьалха чӀогӀа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ. Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьан кӀант Сулим шозлагӀа а паччахь хӀотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦӀадукъа динан да хилийта къобалвира.


Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!»


ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.


Исраилан халкъ шаьш Кхоьллинчух даккхийдеш хуьлийла. Цийонан бахархой шайн Паччахьах баккхийбойла.


Ткъа Везачу Элан Ӏалашо абаделлалц лаьтта, Цуьнан дагахь дерг тӀаьхьенера тӀаьхьене кхочу.


А бу-Маликана хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дӀаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дӀавахара.


Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегӀа тӀехь. Сан даьӀахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь.


ТӀаккха со дӀагӀур ву Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе, сан хазахетаран а, самукъадаларан а Дела волчу. Аса мерз-пондарца хастамаш бийр бу Хьуна, ва Дела, сан Дела!


Дела, ларахьа уьш бехке! Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна. И харцонаш мел лелораш дӀабахахьа Ахьа, Дела, Хьайна дуьхьал уьш бовларна.


Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша, Цо тамашийна гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан аьтту куьйго а, Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а Цуьнга толам баккхийтина.


Ахь ирхдугӀур ду уьш, амма мохо дӀасахьур ду уьш. Ткъа чӀогӀачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду.


Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кӀелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тӀе, Цо нийсонан оба суна тӀе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тӀе тиллича санна а, нускало жовхӀаршца ша хазъян санна а.


Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна.


Даккхийде шу а, Цийонан кӀентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дӀаделира шуна догӀа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тӀаьхьа хуьлу а догӀа.


Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоӀ! Доккхаде, Исраилан халкъ! Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила Ярушалайм-гӀалин йоӀ!


Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кӀелхьардоху тӀемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».


Эпраймхой, майра тӀемалой санна, хир бу. Церан дегнаш самукъане хир ду, чагӀаро бахийча санна. Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу. Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.


Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».


Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,


Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.


Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гӀерталаш, сан кхайкхамашка ладогӀалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Ӏелаш. ТӀаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву.


Ткъа тӀаьххьара а бохург хӀара ду: чӀагӀло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а.


Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш.


Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а.


ХӀунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гӀуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Ӏаш а дац.


Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!


Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е.


Ткъа хӀинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тӀехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар.


Гуттара а самукъане а хилалаш,


Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тӀе мосазза хӀуьтту.


Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза.


Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.


ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.


Ша доӀа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кӀелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагӀех йоьлу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios