Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 2:8 - Делан Йозанаш

8 Ӏожаллина тӀекхаччалц Далла муьтӀахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖӀара тӀехь Ша валлалц, муьтӀахь висира Иза.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 2:8
26 Referencias Cruzadas  

Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу.


Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра.


Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доӀа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тӀехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».


Юха а, дӀанехьа а ваьлла, Иза доӀа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тӀехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!»


ДоӀа дечу хенахь Цуьнан юьхь цӀеххьана хийцаелира, духар чӀогӀа кӀайделира, тӀехь бӀаьрг ца сацалуш.


Цхьаммо а дӀадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дӀалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дӀадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».


Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тӀедехкина гӀуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас. ХьалагӀовтта. Кхузара дӀадоьлху вай».


Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела.


Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а.


Сийсазваьккхина вара Иза, ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара. Хьан дуьйцур дара Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна, хӀинца Цуьнан дахар лаьттара дӀахьош хилча?»


Цхьа адам Далла муьтӀахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтӀахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.


ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.


Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кӀелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неӀалтах, и неӀалт Шена тӀе а лаьцна. ХӀунда аьлча Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла.


цу докъе дитта тӀехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дӀаволла, хӀунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неӀалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».


Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.


тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.


Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а.


Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.


ХӀунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тӀе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегӀ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios