Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 2:7 - Делан Йозанаш

7 Мелхо а, Шен возалла дӀа а тесна, лен васт тӀе а эцна, адамах тар а велла, тӀехьаьжна а адам хилла Иза.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 2:7
31 Referencias Cruzadas  

ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.


Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».


Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.


Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.


Ша билгалъяьккхина зама тӀекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тӀе ваьккхина волу Шен КӀант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь,


ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а.


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тӀедоьжна».


Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.


тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.


Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тӀеяхьаш, гӀуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву.


Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а,


Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла.


«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.


Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тӀаккха Везачу Элан цӀа чохь сайн тӀейогӀу хан чекхйоккхур ю ас.


Везачу Эло боху: «ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ! хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!


«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тӀе, Кхо халкъашна нийсо дӀакхайкхор ю!


Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.


И хаза кхаъ Делан КӀантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хӀух схьаваьлла ву.


Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла?


ЛадогӀал, коьрта динан да волу ЮшаӀ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Ӏаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зӀийдаг.


ТӀаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхӀ-ворхӀ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хӀумма а дацахь а. Ткъа гӀала а, Делан цӀа а вогӀур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТӀаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тӀаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тӀекхаччалц тӀом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш.


Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг, Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса».


ХӀунда аьлча Иза гӀорасизниг санна жӀарах дӀатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гӀорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios