Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 2:6 - Делан Йозанаш

6 Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 2:6
37 Referencias Cruzadas  

Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.


ЯхӀуд-махкахула дӀа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кӀел кхаччалц. Ӏимануал, Хьан латта мел ду дӀасадаьржар ду иза, дӀасадахийтинчу тӀемашца санна!»


ХӀунда аьлча вайна бер дина – кӀант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тӀехь. Цунна цӀе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла.


Цо олалла дечу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Ӏийр ду. Цуьнан цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“.


«Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».


«ХӀай, тур! Айалохьа Сан жаӀуьнна тӀе, Суна уллора волчу стагана тӀе, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Нагахь санна жаӀуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагӀий дӀасадовдур ду. Ас Сайн куьг кӀезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.


«ЙоӀстага, берах а хилла, КӀант вийр ву, Цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду».


Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш.


Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду».


Наха жоп делира Ӏийсана: «Ахьа дина дика гӀуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тӀулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».


Амма, нагахь Ас и гӀуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гӀуллакхех теша. ТӀаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла».


Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дӀавоьду, юха а вогӀур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тӀевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела.


Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“?


Ткъа хӀинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица.


ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»


Ӏийсас иза аларна, Иза вен кхин а чӀогӀа тӀаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХӀунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Ӏаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Ӏийсас.


массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.


Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!


Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.


ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.


Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин.


Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.


Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгӀуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а сийлалла схьадар.


КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.


Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».


КӀантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гӀант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.


Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.


Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios