3 Цхьа а хӀума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хӀораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш.
Шаьш лакхара хеташ болу нах бахьана долуш девнаш дуьйлу, ткъа хьехам тӀеоьцуш берш хьекъалалла долуш бу.
Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цӀа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш.
Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тӀера а ца довлуш, малар тӀех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хӀума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагӀ а йоцуш.
Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю.
Ткъа векалех уггаре а кӀезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хӀунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Ӏийсах тешначийн тоба хӀаллакьян тӀаьхьаваьлла леллера со.
шу хӀинца а шайн синан лаамашца дехаш долу дела. Нагахь шуна юкъахь вовшашка хьагӀ а хилча, шун вовшашца къийсарш а хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? Аша а ца леладо кху дуьненарчу адамаша леллорг?
Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагӀ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар.
Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хӀаллак ца хилийта!
Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгӀазъоьхуш а, вовшашка хьагӀ йолуш а.
Вовшашна муьтӀахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш.
Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтӀахь хилалаш.
Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш,
Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш.
Ткъа хӀинца и шадерг дӀадаккха: дералла, оьгӀазалла, хьагӀ, вониг дийцар, боьха бага леяр.
Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хӀумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагӀ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар.
Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза.
Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».