Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 2:12 - Делан Йозанаш

12 Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 2:12
41 Referencias Cruzadas  

Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.


Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!


Хьаналчу нахана йогӀу ял дахар ду, Ӏесачу стеган кхиам къиношна тӀебоьрзу.


Малончин лаамаш кхочушхир бац, ткъа хьанал къахьоьгучун лаамаш кхоччуш Ӏаьбна хир бу.


И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дӀахӀоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кӀезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.


Везачу Элан даше ладогӀа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цӀе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дӀалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тӀаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.


Нах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тӀе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а.


Сан дукъ шайна тӀеэца, Сох Ӏама, хӀунда аьлча даг чохь Со чӀогӀа эсала а, кӀеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу.


«Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахӀална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза.


ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг».


Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.


Сан хьоме динан вежарий! ЧӀагӀлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гӀуллакхех дуьззина хилалаш, хӀунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гӀуллакх эрна довр доцийла.


Сайн дегӀан эгӀазаллица а, кхерамца а, чӀогӀа вегаварца а Ӏийра со шу долчохь.


Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хӀара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна.


Шун массеран а муьтӀахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тӀеэцар а дагадеача, кхин а чӀогӀа шух дог дӀаийна хуьлу цуьнан.


Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цӀеначу дагца муьтӀахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь шаьш ма-хиллара.


Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу.


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Ӏаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна.


шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела.


Со теша, шуна чохь и дика гӀуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волу де тӀекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла.


Веза Эла волчу Ӏийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахӀотторхьама.


Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.


Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра.


Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гӀуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха.


Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хӀара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула луш долу кӀелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта.


Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай,


Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта.


Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.


Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.


Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш.


Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios