10 стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Ӏийсан цӀе лоруш, гора а хӀиттина, суждане бахийтархьама а,
Шен шолгӀа гӀудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирӀуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирӀуно Мисар-махка тӀехь куьйгалхо хӀоттийра Юсуп.
Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду.
Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий.
Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира, аьтту куьйга Ӏаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хӀиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»
Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.
Ткъа хӀун жоп делира Дала цунна? «Аса цӀу волчу БаӀална горахӀоьттина воцу ворхӀ эзар стаг витина Сайна», – элира Цо.
Ткъа Делан Ӏалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тӀехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш.
Цундела со сайн голашна тӀе хӀутту стигаларчу Дена хьалха.
Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хӀун ду, цкъа хьалха лаьтта тӀе охьавеанера Иза бохург дацахь?
Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».
ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.
и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:
Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дӀаделла а, я цу тӀе хьажа а.