Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Пилапхошка 1:5 - Делан Йозанаш

5 шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела.

Ver Capítulo Copiar




Пилапхошка 1:5
23 Referencias Cruzadas  

Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугӀуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доӀанаш деш а бара.


Зайт-диттана тӀе, шен долу гаьннаш дӀа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тӀедогӀаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тӀедоьгӀна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дӀакхетта.


Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тӀеэцалаш.


Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гӀалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагӀина ахча дахьийта.


Шен КӀантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца, уьйр хила шу тӀекхайкхина волу Дела тешаме ву.


Ткъа хӀинца, динан вежарий, оха дӀахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна.


Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегӀан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала йинчу чӀагӀонийн декъахой а бу уьш.


Динан вежарий, шуна дӀахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дӀакхайкхорна тӀехь кхин а сов аьтто баьлла хилар.


Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дӀахӀоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела.


Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу.


Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гӀуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чӀагӀбечу а хенахь а.


Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.


Ткъа Тимапи, зийначул тӀаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КӀанта шен деца ма-дарра, цо соьца гӀуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа.


Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.


Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тӀеоьцуш санна, тӀеэцахьа иза а.


Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас.


Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а.


Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КӀант волчу Ӏийсан цӀийно вай массо а къинойх цӀандо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios