2 Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.
Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.
Шу дага мосазза догӀу, аса хастамаш бо сайн Деле.
Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана муьтӀахь а хилла, Цуьнан цӀийца шу цӀиндалийта. Делан дика а, синпаргӀато а шорта хуьлда шуна!