Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 9:5 - Делан Йозанаш

5 Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“?

Ver Capítulo Copiar




Маттай 9:5
15 Referencias Cruzadas  

Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».


Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо».


Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина».


Церан Шех тешар а гина, Ӏийсас элира: «ДоттагӀа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла.


Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина».


Ӏийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цӀаро тешарехь чӀагӀвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Ӏийсас кхунна деллачу тешаро товина хӀара стаг, шуна ма-гарра.


Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас тово хьо. Хьала а гӀаттий, хьайн мотт дӀабаккха». Енай цу сохьта хьалагӀаьттира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios