Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 9:4 - Делан Йозанаш

4 Церан дагахь дерг Ӏийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хӀунда ю шун даг чохь?

Ver Capítulo Copiar




Маттай 9:4
24 Referencias Cruzadas  

Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со вочу нахах, ницкъ бечу адамех ларвехьа со.


Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цу дийнахь хьан даг чохь цхьа ойла кхоллалур ю, тӀаккха хьуна вон хӀума дан дагадогӀур ду.


Ӏийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хӀора гӀала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац.


Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».


Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Ӏийсас цаьрга элира: «ХӀун ойланаш ю аша йийраш?


Амма церан ойланаш хуучу Ӏийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу.


Амма Ӏийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хӀунда йо аш?


Ӏийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта». Важа, хьалха а ваьлла, дӀахӀоьттира.


Юха Ӏийсас элира цуьнга: «ШамӀа, хьоьга цхьа хӀума ала лаьа Суна». Вукхо жоп делира: «Алахьа, Устаз!» – аьлла.


Ткъа Ӏийса кхийтира, Шега уьш хӀун хатта лууш бу. ТӀаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хӀун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тӀаккха юха а кестта гур ву шуна“?


ХӀинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх».


КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа.


Амма Шен мурдаша реза боцуш гӀам-гӀим дойла Шен даг чохь хууш волчу Ӏийсас элира: «ХӀокху дешнаша а вас йо шуна?


Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХӀунда аьлча Ӏийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а.


Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара».


Цуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios